Дешаран урхаллийн куьйгалхошца цхьаьнакхийтира министр

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис хӀокху деношкахь цхьаьнакхетар дӀадаьхьира Хьалха-Мартан а, ТӀехьа-Мартан а, Эна-Хишкан а кӀоштийн Дешаран урхаллийн куьйгалхошца а, школийн директоршца а.

Цхьаьнахкетарехь дийцаре дира Россин электронни школин буха тӀехь функциональни хаарш лакхадахаран декъехь кӀоштийн дешаран урхаллаша дӀахьош болчу белхан хьокъехь долу гIуллакхаш, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтехь дешаран белхахойн говзалла лакхайаккхаран курсашкахь дакъалацаран жамӀаш.

Дешаран дикаллин мах хадоран Федеральни институто дӀайаьхьначу мониторинган жамӀех дерг мелла а кIорггера дийцаре дира.

Кхачамбацарш дӀадахарехь сихо йар лоьхуш, Х-Б.Дааевс цхьацца тӀедахкарш дира кӀоштийн дешаран урхаллийн куьйгалхошна.

Министра кхин цкъа а карладаьккхира хьехархочун хаарш тӀедузаран Ӏалашонца дӀахьош йолчу курсашкахь хьехархочо дакъалацар тергонехь латтор хӀора школин директоран белхан декхар хилар.

Дикалла лакхайоккхуш, болх тобан безаш хиларх дара министран коьрта къамел.

№1, кхолламан (январь) беттан 5-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: