3,5 млрд соьмана маьлхан электростанцеш йийр йу Нохчийчохь

Дуьненахь сиха кхуьуш йу «баьццара энергетика». Иштта, Нохчийчохь а дӀахьош бу меттахӀитталучу хьостанех ток йаккхаран болх. Оцу хьокъехь хаам бина республикин Промышленностан а, энергетикин а министра Хакимов Адама.

Цо дийцарехь, 3,5 млрд соьмана маьлхан электростанцеш йан лерина вайн махкахь.

Церан могӀарера цхьа станци (5 МВт), масала, хӀинцале а болх беш йу Невран кӀоштахь. Цунах терра йолу маьлхан станци ТӀехьа-Мартан кӀоштахь а йан йолийна. Делахь а, цуьнан нуьцкъалла 10 МВт хир йу.

Билггал аьлча, лакхахь хьахийначу ахчанах йийр йолчу маьлхан электростанцеша 50 МВт барамехь ток йаккхаре сатийсам бу.

Тидамза ца йитина министра, «Башенная» жима гидроэлектростанци йар» цӀе а йолуш, Итон-Кхаьллан кӀоштахь кхочушйеш йолу инвестицийн проект а.

«Русгидрос» йойтуш йолчу цо 10 МВт ток йаккхаран болх 2024-чу шарахь дӀаболор бу.

Оццу кӀоштахь цхьа жима гидроэлектростанци хӀинцале а болх беш йу. Иза Кхокхадахь йу.

И.ИСЛАМОВ
№2, кхолламан (январь) беттан 12-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: