Мехкадаьттан университетан дешаран программаш дуьненайукъарчу аккредитацех чекхйевлла

Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан пресс-службо хаам барехь, Аккредитацин а, рейтинган а йозуш йоцчу агентствон (IAAR) жамӀашца, хIокху университетан дешаран программаш дуьненайукъарчу аккредитацех чекхйевлла.

Йуьйцуш йолу агентство дешаран дикаллина кхачойаран дуьненайукъара аккредитацин агентство а, цул сов, лакхарчу дешаран дикаллина кхачойарехула йолчу Европин ассоциацин декъашхо а йу.

Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан дешаран декъехула волчу проректора Гайрабеков ИбрахӀима дийцира аккредитаци йаран болх 2021-чу шеран оханан (апрель) баттахь дуьйна дӀаболийна хиларх лаьцна.

«Оха тхайн белхана дукха лерина хьесап а дира, тӀаккха тхайн программаш дуьненайукъарчу дешаран 5 стандартаца цхьаьнайогӀуш хилар гойтуш отчёт а кечйира. Аккредитацин а, рейтинган а йозуш йоцчу агентствон (IAAR) эксперташа и отчёт толлуш белхаш бира. Комиссис вайн вузан дешаран программийн дикаллин мах хадош, иза дуьненайукъарчу лехамашна (стандарташна) жоп луш хилар билгалдаьккхира», – дийцира цо.

Дешаран дикаллин мах хадоран йозуш йоцчу агентствон жамӀашца, Мехкадаьттан университетан дешаран программех дуьненайукъарчу аккредитацех чекхйаьлларг дешаран 5 программа йу. Царна йукъахь йу: прикладни геодезин а, мехкадаьттан, газан гӀуллакх а, прикладни информатика а, хаамийн системаш а, технологеш а, гӀишлошйар а.

Оцу программашкахула дешначу а, аккредитацех чекхбевллачу а студентийн говзаллин тоьшаллаш а хир ду, дуьненайукъарчу проекташкахь дакъалаца аьтто а хир бу.

Керлачу хийцамех лаьцна дийцира Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан ректора Минцаев Мохьмада.

Цо билгалдаккхарехь, университетан программаш аккредитацех чекхйовлар а, дуьненайукъарчу барамехь къобалйар а, дешаран гӀуллакх лаккхарчу тӀегӀанах вовшахтоха хаар а университетан белхахойн шайн белхан тоьлла говзанчаш хилар ду.

Иштта лаккхара мах хадоро университетан хьехархойн а, студентийн а академин мобильность кхиорехь гӀодийр ду, дуьненан кхечу университеташна йукъахь сий ойъур ду.

Иза иштта хилча кхечу пачхьалкхашкара деша бахка лууш болу кегийрхой а алсам хир бу.

З.ХИЗИРОВА
№2, кхолламан (январь) беттан 12-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: