Нохчийчоь кечлуш йу шен автономи кхоьллина 100 шо кхачар даздан

Нохчийн автономи кхоьллина 100 шо кхачарна лерина гIуллакхаш дIадахьаран вовшахтохараллин комитетан кхеташо дIайаьхьира Соьлжа-ГIалахь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цигахь дакъалоцуш вара Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, ткъа иштта, Iедалан векалш, Парламентан декъашхой.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Нохчийчоьнан автономи кхоьллина 100 шо кхачар нохчийн халкъан кхузаманан исторехь мехала хилам хилар а, иза билгалдаккхарна доккхачу жоьпаллица тIедаха дезаш хилар а.

«ДIадаханчу шеран гIуран (декабрь) баттахь вайн республикин бIе шо кхачаран юбилейна кечамбарна а, иза дIайахьарна а лерина Вовшахтохараллин комитет кхолларан хьокъехь болчу сацамна куьг йаздина ас. Оцу денна лерина дуккха а гIуллакхаш дIадахьа дагахь ду вай. Церан коьрта Iалашо йу нохчийн халкъан пачхьалкхалла кхоллайаларан а, кхиаран а хьокъехь долу историн бакъдерг йукъараллина дIадовзийтар. Цундела, вайн республикина мехала йолчу оцу юбилейна кечамбарехь а, иза дIайахьарехь а жоьпаллечу берриге а наха эвсаре а, жигара а дакъалаца деза», – элира цо.

Кхеташонехь коьрта доклад йира Таймасханов ГIаласа. Цо дагадаийтира Нохчийн автономин область 1922-чу шарахь РСФСР-н ВЦИК-н декретаца кхоьллина хилар.

«Нохчийн область кхолларо мехала маьIна лелийра нохчийн халкъан политикин исторехь къоман пачхьалкхалла кхиорехь, Россин пачхьалкхана йукъахь экономикин а, культурин а ша къаьстина дакъа санна кхидIа а кхиарехь», – бохура цо.

ГI.Таймасхановс иштта билгалдаьккхира хинйолчу юбилейна лерина хIоттийна план хилар.

Цо дийцарехь, билгалдеш ду республикехь оцу денна лерина 500 сов тайп-тайпана гIуллакхаш дIадахьар. Царна йукъахь ду Iилманан-практикин конференцеш, форумаш дIайахьар, 2022-чу шарахь 100 шо кхочуш болу бахархой декъалбар, Россин субъекташкахь, дозанал арахьарчу мехкашкахь Нохчийн Республикин культурин денош дIадахьар, и.д.кх.

Кадыров Рамзана аьлла ма-хиллара, цуьнан тIедилларца регионехь беш боккха болх бу республикин дахарехь историн мехалчу муьрашна документаш хIитторехь.

«Цул сов, эвсаре болх беш йу вайн Нохчийн Республикин халкъийн историко-культурин тIаьхьало талларан а, Iалашйаран а пачхьалкхан комисси. Оцу белхан жамIаша хIинцале а таро йелла цу декъехь питане хIуманаш лелор сацон», – элира республикин Куьйгалхочо.

Цо иштта къаьсттина билгалдаьккхира нохчийн пачхьалкхалла меттахIотторан гIуллакхна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас йоккха хазна йукъайиллина хилар.

Цунах лаьцна дуьйцуш цо дIахьедира Нохчийн Республикин историна а, цуьнан мехкан цхьааллина а тIекхийдар могуьйтург цахилар.

Д.АНАДЕВ
№2, кхолламан (январь) беттан 12-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: