Маьждигаш дар дIахьош ду

Соьлжа-ГӀаларчу Шайх Мансуран кӀоштахь, масех де хьалха, 2 000 стаге жамаIатехь ламаз далур долуш, маьждиг дан долийна. Керла маьждиг нохчийн ламасталлин архитектурин куц-кепехь хир ду. Цуьнан ши момсар 29 метр гергга лекха хир йу.

Керлачу шеран белхан хьалхарчу дийнахь керла «Делан хӀусам» йан йолорехь дакъалецира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Шен къамелехь цо билгалдаьккхира вайн махкахь 1 312 маьждиг а, хьафизийн 7 школа а, 201 хьуьжар а, Ислам Ӏаморан лаккхарчу дешаран 2 хьукмат а хилар.

Цул сов, оцу проектаца маьждиг дан долийна Акаев Дашин (хьалха — Катаяма) цӀарахчу йуьртахь а (Висаитовн кӀошт), Хьалха-Мартан кӀоштарчу ГӀой-Йистехь а.

Маьждигаш дар а, гуонахара майданаш тойар а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан йукъараллин фондан чоьтах дӀахьур ду.

Говзанчаша билгалдаккхарехь, тӀедогӀучу шеран йуьххьехь схьаделла лерина ду и маьждигаш.

А.КАНТАЕВ
№3, кхолламан (январь) беттан 15-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: