Промышленность кхиоран регионан фонд кхоьллина

Нохчийн Республикехь болх бан йолайелла Промышленность кхиоран регионан фонд. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан промышленностан а, энергетикин а министра Хакимов Адама Россин промышленностан а, махлелоран а министраца Мантуров Денисаца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2022-гIа шо Промышленностан шо ду аьлла дIакхайкхорца доьзна дIахьош долчу гIуллакхашца нийса а догIуш, хIокху шеран кхолламан (январь) баттахь болх бан йолайелла Промышленность кхиоран регионан фонд, 2021-чу шеран чаккхенехь кхоьллина йолу.

Фондо таро лур йу регионан промышленни предприятийн йукъарчу займийн программийн инвестицийн проекташ кхочушйан. Цу тайппана оцу программица 70 процент проекташна финансировани йо промышленность кхиоран федеральни фондо, ткъа 30 процент – регионан фондо.

Карарчу хенахь субъекто промышленностан декъехь кечйеш йу инвестицийн проектийн портфель. Цуо кхитIе а шовкъ лур йу регионан индустри кхиорна.

Иштта, Нохчийчоь дагахь йу регионийн Цхьааллин субсидин гурашкахь Россин Федерацин субъекташ дIакъасторан конкурсехь дакъалаца. Цуьнан харжех пайдаэца таро хир йу Промышленность кхиоран регионан фондана кхитIе а капитализаци йарехь а.

«Регионийн доккха хьашт ду регионийн Цхьааллин субсидин механизме. ХIокху 2022-чу шарахь промышленность кхиоран регионийн программашна федеральни бюджетера финансировани йар 1 миллиард соьман тIера 3,7 миллиард соьмана тIекхаччалц лакхадаьккхина», – билгалдаьккхина Мантуров Дениса.

Шен докладехь республикин промышленностан а, энергетикин а министра Хакимов Адама дийцира, Промышленность кхиоран регионан фондах пайда а оьцуш, Нохчийчохь дан леринчу гIуллакхех лаьцна.

«2022-чу шарахь билгалдеш ду Фонде коьртачу капиталана 150 миллион сом йукъадиллийтар а, белхан 20 меттиг кхоллийтар а», – элира министра.

Цхьаьнакхетарехь иштта дийцаре дира Нохчийчоьнан промышленностехь тахана долу хьал а, промышленни комплекс кхидIа а кхиоран гIуллакхаш а, Россин промышленностан а, махлелоран а министерствос вовшахдеттачу пачхьалкхо гIолацаран гIуллакхех пайдаэцаран некъаш а.

Д.ПАШАЕВ
№3, кхолламан (январь) беттан 15-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: