ДIадаханчу шарахь дуккха а беркате гIуллакхаш дина регионан йукъараллин фондо

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан йукъараллин фондо 2021-чу шарахь дуккха а беркате гIуллакхаш дина.

Шо-шаре мел долу фонде хьашто йерш совбуьйлуш бу. Амма, цхьа а гIо доцуш витина вац фондо, хIунда аьлча, фондан президентан Кадырова Айманин къинхетам а, комаьршалла а доза доцуш йу.

146 доьзална, чохь йийбар йолуш, петарш йелла, 37 доьзална Iер-дахарна оьшуш долу дерриге а хьелаш а кхуллуш, чохь йийбарца кхачо а йеш, цIенош дина, 23 доьзалан шайн хIусамаш тойеш ахчанца дакъалаьцна.

Тайп-тайпанчу хьашташна (молха-дарба дан, дешийта, цIенош деш оьшуш болу гIирсаш эцийта) 724 млн 421 эзар соьманца 86 425 вахархочунна гIо дина. Иштта, 185 вахархо фондан (23 млн 273 эзар сом) чоьтах Iумрат дан ХьаьжцIа вахийтина. Социальни гIо дина 666 766 вахархочунна (839 280 тоьрмаг кхачанан сурсаташ, 2 823 бедар, 625 дешарна оьшуш болу гIирсаш, 25 378 уьстагI, бежана).

Цул сов, фондо дIадаханчу шарахь динан декъехь 169 а, берашна лерина 3 254 а мероприяти дIайаьхьна.

Бахархойн социальни хьелаш тодина ца Iаш, учрежденешна а, организацешна а 8 520 техникица, транспортаца, дешаран-методикин литературица кхачойеш гIо лаьцна фондо. Республикин гIаланийн а, йартийн а социальни хьелаш тодеш дакъалаьцна.

Нехех цIан а йеш, тойина 110 гектар меттиг. Керла некъаш а дехкина, ширделлачарна капитальни ремонт а йина. Иттаннаш километраш хинан а, канализацин а биргIанаш хийцина, ток а, газ а йалийна.

Шо-шаре совдуьйлу фондан беркат. Махкал генна арахьа, кхечу пачхьалкхашкахь болчу мискачарна а кхочу иза — Мархийн баттахь Шемин 120 эзар вахархочунна а, бусалба-рохинжахойн 2 060 доьзална а, Иракъерчу 150 эзар доьзална а кхачанан сурсатийн сагIанаш дийкъина фондо.

ВЕГИЕВА Макка
№3, кхолламан (январь) беттан 15-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: