А.Дудаев: «Журналистийн болх хала а, жоьпалле а, наггахь кхераме а бу»

Кхолламан (январь) беттан 13-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнан актови зала чохь Россин зорбанан де билгалдаккхарна лерина мероприяти дIайаьхьира.

Мероприятехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад, республикехь арадуьйлучу газетийн, журналийн коьрта редакторш, журналисташ, йукъараллин гIуллакххой, министерствон белхахой.

Мероприяти дIахьош вара журналист Хатуев Ислам. Маршаллин дешнаш аьллачул тIаьхьа цо сцени тIе кхайкхира министре.

«Республикин зорбанан хаамийн гIирсийн белхахой цкъа а халонех кхоьруш ца хилла. Вайн республикина уггаре а чолхе даьхкинчу шерашкахь цара кхоччуш дика бовзуьйтура регионехь хуьлуш болу хиламаш, нохчийн къоман сатийсамех а, церан дегаIийжамех а лаьцна йаздора. Журналистийн балхо похIма а, жоьпалла а хилар, ша-шена ца кхоор а лоьху. Тешам боллуш ала йиш йу оцу лехамашца хьакъ доллучу кепара вайн журналисташ ларош хилар. Цара бечу белхан лаккхара мах хадабора Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цо вайн журналистийн массо агIор гIо а лоцура. Иштта, регионан пресса кхиарна йукъахь доккха дакъа ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан. Цо ечу тергоно а, дечу гIоьно а республикин хаамийн гIирсаш кхиабо, хIора журналистана болх бан дог доуьйту. Вайн республикин Куьйгалхочо даима а билгалдоккхуш ду журналисташ бакъдерг дийца декхар хилар. Цо аьлла ма-хиллара, «Журналистийн болх хала а, жоьпалле а, наггахь кхераме а бу», – билгалдаьккхира министра.

Дудаев Ахьмада даггара декъалбира журналистикин ветеранаш а, муьран зорбанан гIирсийн белхахой а корматаллин дезачу денца, кхоллараллехь кхиамаш, керла идейш, алссам йешархой хила лаар билгал а доккхуш.

Къинхьегамехь билгалбевллачу журналисташна Дудаев Ахьмада Сийлаллин грамоташ йелира.

Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана а, «Вести республики» газетан коьртачу редактора Исмаилов Илеса а журналистийн балхах лаьцна а дийцира, корматаллин дезчу денца уьш декъал а бира.

Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин №14 йолчу гимназин «Россин школахойн боламан» декъашхоша, дагахь а доцуш, хазахетар дира. Цара декъалдаран дешнаш а аьлла, совгIаташ дира журналисташна.

Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан солисташа Р.Болотмурзаевс а, Л.Садулаевас а самукъадаьккхира гулбеллачеран.

Л.ДАУТОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 15-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: