«Сибирь» (халкъалахь «S7 Airlines») авиакомпани а лерина йу «Москва – Соьлжа-ГӀала» авиамаршрутехула шен кеманаш лелийта.

Бекарг (март) беттан 27-чу дийнахь дуьйна лела долалур ду оцу компанин «Airbus A320 neo» кема. ХӀора дийнахь цхьацца рейс йийр йу цо «Москва – Соьлжа-ГӀала – Москва» маршрутехула.
Оццу компанин кеманаш «Соьлжа-ГӀала – Новосибирск» маршрутехула лелаш ду. Цундела, соьлжагӀалахошна а, хьешашна а вайн аэропортехь дуьххьара гуш хир дац «S7 Airlines» цхьа башха, баьццара бос болу кема.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу дуьненайукъарчу «Северный» аэропортаца карарчу хенахь болх беш коьрта масех авиакомпани йу: «UTair», «Азимут», «Pegasus», «Air Arabia».
Соьлжа-ГӀалин «хӀаваан кевнашкара» рожера рейсаш хилла ца Ӏа – иштта пассажирийн чартеран рейсаш а йу.
Дукха хан йоццуш СаӀудийн Араве а лела дуьйладелла вайн аэропортера кеманаш – «Air Arabia» авиакомпанин кеманаша «Соьлжа-ГӀала – Джидда – Соьлжа-ГӀала» авиарейсаш йо.
Делахь-хIета, вайн пачхьенерчу аэропортан географи иштта нисло: Москва, Новосибирск, Дона-тӀера-Ростов, Сургут, Истамбул (Хонкара), Анталья (Хонкара), Дубай (ӀЦЭ), Актау (Казахстан), Джидда (СаӀудийн Арави).
И.ИСЛАМОВ
№3, кхолламан (январь) беттан 15-гӀа де