Керлачу шеран хьалхарчу деношкахь хаза совгIат хилла Курчалойн кӀоштан Аьхкинчу-Борзерчу дешархошна – даздаран хьолехь кхузахь схьайиллина керла школа.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Х-Б.Дааевс а, Курчалойн кӀоштан префекта А.Ирасхановс а.
Ши гIат а долуш, 120 дешархочунна меттиг йолуш йу иза. Цо таро йелла 3 рожехь доьшуш болу йуьртара дешархой 2 роже берзон.
Цул сов, керлачу школехь, кхузаманан лехамашца догӀуш долу хьелаш а кхоьллина. Цундела, керлачу программашца а, технологешца а болх бан аьтто хир бу хьехархойн.
ХIора а класс, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачойина йу, школехь актови зал а, библиотека а, кхачабааран чоь а, спортан йоккха зал а йина.
Иштта, хӀокху деношкахь керла 2 школа схьайиллина Невран кӀоштахь, 840 дешархочунна меттиг а йолуш: 1) Капустино кӀотарахь (120 меттиг); 2) Новотерскехь (720 меттиг).
Шина а школехь дешархошна мел оьшу хьелаш кхоьллина.
Школаш йина 2020–2021-чуй шерашкахь. Уьш йаран балхана Ӏуналла деш йара Нохчийн Республикин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерство.
А.МУСЛИМОВ
№3, кхолламан (январь) беттан 15-гӀа де