Пхенийн а, Онкологин а туьшийн техникин хьелаш тодийр ду

Нохчийн Республикин могашалла Iалашйаран министра Байсултанов Идриса дIайаьхьначу рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира могашаллин хьаьрмахь коьрта ларалуш долу гIуллакхаш.

Царах цхьаъ ду 2022-чу шарахь республикин медицинин учрежденешна дарбанаш лелорехь оьшуш болу медицинин гIирсаш эцаран гIуллакх.

Йуьйцуш йолчу учрежденешна йукъахь йу республикин Пхенийн а, Онкологин а туьшаш.

Министра дийцарехь, кхушарахь къаьсттина оцу туьшийн техникин хьелаш тодан Iалашо йу.

Медицинин гIирсашца кхачойаран гIуллакх кхочушдийр ду Къоман «Могашалла Iалашйар» проектан гурашкахь кхочушйечу «Деган-пхенийн цамгаршца къийсам латтор» а, «Онкологин цамгаршца къийсам латтор» а регионан проекташ кхочушйаран гурашкахь.

Кхеташонан шолгIа дакъа лерина дара медицинин учрежденешна оьшуш болчу говзанчашца кхачойаран гIуллакхна. Шайн белхан кIорггера хаарш долуш, кхузаманан технологеш йевзаш, царах буьззина пайдаэца хууш болу говзанчаш бу буьйцурш. Оцу белхахойх доьзна ду медицинин учрежденешкахь кхочушбечу белхан дикалла лакхайаккхар.

И.Байсултановс билгалдаьккхира 2021-чу шарахь «Онкологин цамгаршца къийсам латтор» регионан проектан гурашкахь, Нохчийн Республикин онкологин диспансерна медицинин 11 гIирс а, «Деган-пхенийн цамгаршца къийсам латтор» регионан проектан гурашкахь республикин Пхенийн шина туьшана а, Пхенийн шина отделенина а медицинин 4 гIирс эцна хилар.

Больницашна а, поликлиникашна а, клиникашна а, медицинин туьшашна а медицинин тоьллачу гIирсашца а, шайн балхана охIла болчу тоьллачу говзанчашца а кхачо йаро бен тодийр дац могашалла Iалашйаран хьаьрмера хьал.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 15-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: