«Земски хьехархо» пачхьалкхан программехь дакъалаца лаам болчу хьехархошкара заявкаш схьаэцаран мур дӀаболабелла. Иштта хаам бо Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службо.

Кхолламан (январь) беттан 10-чу дийнера оханан (апрель) беттан 15-чу дийне кхаччалц схьаоьцур йу заявкаш.
Нохчийн Республикин хьехархойн аьтто хир бу хьехархой оьшуш йолчу кӀошташкахь шайна товчу белхан меттигашка хьовса — масала, ТӀехьа-Мартан а, Хьалха-Мартан а, Веданан а, Грозненски а, Гуьмсан а, Теркан а, Шелковски а, Курчалойн а, Нажи-Йуьртан а, Итон-Кхаьллан а, Шуьйтан а, Шаран а кӀоштийн школашкахь.
2022-чу шарахь хьехархойн 52 ваканси йу. Царна йукъахь ингалсан меттан хьехархо – 15, оьрсийн меттан хьехархо – 13, математикин хьехархо – 9, физикин хьехархо – 5, химин хьехархо – 4, йуьхьанцарчу классийн хьехархо – 3, биологин хьехархо – 2, ткъа иштта, историн хьехархой а бу.
«Земски хьехархо» программа кхочушйар Россин Федерацин Президента Путин Владимира 2019-чу шарахь Федеральни гуламе динчу костехь йукъадалийна.
Проект йарташка а, кегийчу гIаланашка а балха баха луучу хьехархошна лерина йу. Оцу программина «Земски хьехархо» цӀе тиллар а иштта нисделла.
2020-чу шарахь Нохчийн Республикин школашкарчу 64 хьехархочо дакъалецира оцу программехь. Программехь дакъалоцучу хьехархошна 1 миллион сом ахчан компенсаци ло. Ахча шайн хьашташна дохка бакъо йу хьехархойн.
«Земски хьехархо» программехь дакъалаца йиш йу 55 шо кхаччалц хан йолчу (йуккъера леррина) йа лаккхара дешар дешначу хьехархойн.
Программин бехкамашца нийса а догIуш, программин дакъалацархо шена билгалйинчу йуьрта (йа 50 эзар вахархо волчу посёлке) дIаваха а, цигахь 5 шарахь болх бан а кийча хила веза.
Дакъалацархой схьахоржуш хьесапе оьцур ду хьехархочун психологин йа педагогикин декъера Iилманан дарж хилар а, хьалхара йа лакхара категори хилар а, ткъа иштта, хьехархочо цхьана меттехь 10 шарахь сов болх бина хилар а.
Белхан меттигийн спискан а, кхитӀе а болчу хаамийн хьокъехь дерг а Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон www.mon95.ru сайта тIехь оцу гIуллакхна схьадиллинчу «Земский учитель» декъехь карор ду.
З.ХИЗИРОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 15-гӀа де