Ша верг дуьненан йистехь а ву нохчи

IMG-20150615-WA0005

Таханлерчу дийнахь цхьаболчу  нохчаша ненан меттан сий цадаро доккха халахетар до. Къаьсттина даьржина цунна инкарло яр. Дукхахболчара оьрсийн маттаца иэбеш буьйцу нохчийн мотт. Цхьаболчара-м гуттар а оьрсийн мотт буьйцу. Дуьнен тIера дIабовла кхерам болчу метташна юкъахь вайн мотт хилча, само ян, орцах довла  дезара вай. ХIунда ца Iалашбо вай вешан мотт, денна а, буса а хIунда ца буьйцу иза? Кхано «байттамал» баха тIаьхьа хир дуй-те?! – Цу тайпа гIийла хаттарш денна а кхоллало. Лозуш церг хуьлу-кх, цкъацкъа дIатуьйш, юха дагахь а доцучу хенахь ов тухий, лазам карлабоккхуш. Шена дарба даллалц лозучуьра ца соцу иза. Иштта хета таханлерчу дийнахь долу вайн меттан хьал.

И лазам карзахбаьллачу, гIайгIанечу ойланаша са хьийзочу хенахь нохчийн меттан сий деш, иза Iалашбеш волу стаг карийча, башха синхьаам хуьлий, паргIато дагчу юьжу. Иштта синхьаам кхуллуш дара Урдунера  (Иордани) нохчи Бакир Iабдул-Хьамид вовзар. «Даймохк» газетан электронни адреса тIе кехат яздар бахьанехь уьйраш тасаелира тхан цуьнца. Вайна массарна а доккха хазахетар а, дозалла а ду дозанал арахьа Iаш болчу нохчаша ненан мотт бийцар, къоман Iадаташ, ламасташ лелор, дайн орамаш ца дицдар. Хьалха заманахь (бIе шо а, цул хьалха а) Нохчийчуьра дIабаханчу нехан кхечу мехкашкахь йолу тIаьхьенаш юьйцу оха. Карарчу хенахь я дукха хан йоццуш Нохчийчуьра дIабаханчара-м муххале а лело деза уьш. Ишттачара мотт, Iадаташ дицдар доккха эхь ду.

Бакир Iабдул-Хьамидан дедас Iабдул-Маджийда 1901-чу шарахь Урдуне хьижрат дина хилла. ТIейогIуш коммунизм ю, бусалба дин леладойтур дац, ламаз дан а бакъо лур яц, бохуш къамелаш доладелча, шайн дех дага а бевлла, Урдуне баха новкъа бевллера БакиргIеран вежарий: Iабдул-Маджийд (Нохчийчохь Хос олура цунах), ИсмаьIал (цIахь МаI яра цуьнан цIе), ВацIа. Церан деден ваша хилла гIараваьлла волу Бенойн БойсгIар. Урдуне дIакхелхачу хенахь Iабдул-Маджийд а, ИсмаьIал а зуда ялийна хилла. ВацIан зуда ца хилла. Шен езар Даймахкахь йисар бахьанехь, иза Нохчийчу юхавоьрзу. Таханлерчу дийнахь цуьнан тIаьхье вайн цIахь ю. Ткъа Iабдул-Маджийд а, ИсмаьIал а шайн доьзалшца цхьаьна Урдунехь бисина.

Бакир Iабдул-Хьамид 1963-чу шарахь Заркъ шахьарахь вина ву. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Амман гIалахь компьютеран дешар чекхдаьккхина цо. Цул тIаьхьа Iамаркехь совдегаран говзалла караерзийна. 1986-чу шарахь дуьйна  Урдунан кхерамзаллин эскарехь полковникан дарже кхаччалц болх бина цо. 2006-чу шарахь шен лаамца цигара дIавелира Iабдул-Хьамид. Оццу шарахь дуьйна ингалсан маттахь терроризман жигаралла толлуш иттанашкахь статьяш язйина цо. И болх бешшехь, 2008-чу шарахь дозанал арахь йолчу нохчийн «Маршо» радиоца цхьаьнакъахьега волавелира иза. Дукха ца Iаш, оцу радиоца зIе хадийра цо, цаьрца хьежамаш цхьаьна цабар бахьанехь. 2011-чу шарахь Урдунан паччахьан цIарах йолчу спецназ Iаморан туьше балха хIоьттира. Иштта, Абу-Дабехь ингалсан-Iаьрбойн гочдархошна тIехьожуш а, кхидолу а тайп-тайпана белхаш бина Iабдул-Хьамида. Нохчийчуьра кхерамзаллин белхахой Урдуне тренингаш ян баьхкича, церан нохчийн-Iаьрбийн талмаж а хилла иза. 1991-чу шарахь Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Урдунехь волчу хенахь, цуьнца гергарло, уьйр хилла а ву I-Хь.Бакир. ХIетахь, кхуьнан йишин доьзалехь хьошалгIахь вара Ахьмад-Хьаьжа (БакиргIеран нуц цуьнца болх бина вара).

IMG-20150615-WA0004

Iабдул-ХьамидагIеран доьзалехь пхи йоI, кхо кIант хилла. Да Мухьаммад кира лелочу машенашна тIехь Iуналла деш, уьш дIасалелош хилла. Нана нохчийн гIиллакх-оьздангаллица догIуш шен доьзал кхиош, царна дайн Iадаташ, ламасташ хьоьхуш, Iийна. Чохь цкъа а нохчийн мотт бен ца бийцина цара. Иштта, Iабдул-Хьамида а, цуьнан вежарша, йижарша  шайн доьзалшкахь даима нохчийн мотт бийцина. Тахана а нохчийн мотт Iамор, бовзар, кхиор дахарехь уггаре а коьртачу гIуллакхех цхьаъ дина схьавогIуш ву Iабдул-Хьамид. Иза боцург, Iаьрбийн а, ингалсан а меттанаш хаьа цунна. Пхийтта шо гергга хан ю цо ша шена нохчийн маттахь еша а, язъян а Iамийна. Нохчийчуьра абаташ, дешаран кхийолу книгаш а вовшахъетташ, царах пайда оьцуш карадерзийна цо нохчийн йоза а, дешар а. Нохчийн мотт безарна, иза дика Iамо лаарна нохчийн радиохь  болх бина. Iабдул-Хьамида хIинца а дика ца хаьа шена, йозанехь дукха гIалаташ хуьлу шен бахахь а, Нохчийчохь бина а, Iаш а болчу дукхахболчу нохчашначул  гIолехь ду цуьнан йоза. Нохчийн меттан кханенца йоьзна йоккха дегайовхо кхуллуш хIума ду иза – Нохчийчоь бIаьрга гина а боцуш, бIе шо хьалха шайн дай кхузара дIакхелхина болчу наха нохчийн меттан сийдар, иза бийцар, Iамор. Йоккха терго йо I-Хь.Бакира шен доьзалхошкахь ненан матте безам кхиорна а. Пхи доьзалхо ву цуьнан: йоьIарий Тумиша, Тийна, Iайнаъ, кIентий Хьамзат, Мурад. Уггаре жимахчун а 14 шо ду. Царна нохчийн мотт хьехар, къоман Iадаташца, ламасташца уьш кхиор шен коьрта декхар лору Iабдул-Хьамида.

Шена нохчийн маттахь еша, язъян Iеминчул  тIаьхьа, вайн цIера шена цхьацца книгаш кхоьхьуьйтуш, нохчийн литературица гергарло тесира вайн турпалхочо. Цо ешначарна юкъахь ю нохчийн халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш», Окуев Шимин «Юьхь», «ЦIий, латтий», Мамакаев Мохьмадан «Зеламха» романаш, Гайсултанов Iумаран «Массарна а боьлийла малх» повесть, иштта кхиерш а. Карарчу хенахь Нунуев Сайд-Хьамзатан «Тапча ца оьшу» цIе йолу книга каракхаьчна, иза йоьшуш ву Iабдул-Хьамид.

Цигарчу шен накъостаца цхьаьна нохчийн электронни дошам хIоттийна I-Хь.Бакира. Нохчийн маттахь дош яздича, цуьнан маьIна до оцу дошамо. Ткъа хIинца и программа нохчийн маттахь дош алар а долуш, тоян дагахь ву Iабдул-Хьамид. Карарчу хенахь Урдунехь Iаш ялхийтта эзар сов нохчи ву. Вайнехан диаспорша кхоьллина «Кавказ» клуб а, «Нохчийн гIоьналлин юкъаралла» а ю цигахь. Цигарчу вайнаха шуьйрра пайдаэца йолийча, вуно мехала хир ю лакхахь билгалъяьккхина программа. Ша Iаш волчу меттехь нохчийн мотт кхиорна, цигарчу нохчашлахь иза баржорна, Iаморна сел йоккха терго яр чIогIа мехала хIума ду. Шен ненан меттан сийдар, цунах доглазар ду иза. Ткъа иза – бакъволчу нохчичун амалехь ца хилча ца долу хIума ду. Шеко яц, Бакир Iабдул-Хьамид бакъволу нохчи хиларан а, цу тайпа векалш хилар дерриге а къомана дозалла хиларан а. Дала сий дойла-кх цуьнан.

Тхешан къамел дерзош, «Таханлерчу дийнахь Нохчийчохь бина а, Iаш а боллушехь, ненан мотт ца буьйцуш, цуьнан сий ца деш болчаьрга  хIун эр дара ахь?» – аьлла, шега хаттар дича, чулацаме а, хаза а жоп делира Iабдул-Хьамида: «ЦIахь болчара нохчийн мотт лела ца бича, чIогIа цецвуьйлу со. Ур-аттал, терахьаш нохчийн маттахь ца олу, оьрсийн дешнаш дукха юкъадаладо къамелехь. Масала, вайн эскаршкара кегийнах баьхкича, (церан талмаж ма-варий со) оьрсийн дешнаш ас лелор дац, нохчийн маттахь ас бохург хIун ду ца хаахь, хатта деза бохуш, йоьхье бохура ас уьш. «Шаьш хIун дуьйцу хаьий шуна?! Шу Даймахкера схьадаьхкина ма ду, нохчийн мотт дIатасахь, нохчалла а дIатосур ма ду аш», – олура ас цаьрга. Нохчийн мотт ца буьйцург, нохчи вац. Масала, жуьгташа шайн динехь верг жуьгти лору. Ткъа вайн ламастехь дерг – нохчийн мотт буьйцург нохчи ларар ду.

Масала, Iаьрбийн къомах зуда ялийна нохчи хуьлу Урдунехь. Церан бераша нохчийн мотт ца буьйцу. Уьш девзаш долчу нохчийн тайпанах а, тукхамах а хуьлу, амма нохчийн мотт ца буьйцу цара. ТIаьххьара а вайнехах дIахеда уьш,  ненахошна юкъа а боьлхий, царах хуьлий, чекхбовлу. Нохчийн мотт ца буьйцург, иза шен нахах дIахаьдда, байлахь висина ву. ЦIахь долчу аш нохчийн мотт дIатасахь, иза бицбахь, оха хIун дийр ду тIаккха?! Тхо кхузахь пана-махкахь «гIарс» аьлла дIахадийна, кхоьссина дIадахийтина буобераш санна дуьсур ду-кх. Шуна тIетийжаш, шуьца уьйраш езаш, нохчалла Iалашдан лууш лелаш ма ду тхо. Ас и эр дара цIахь болчаьрга. Доккха эхь ду нохчийн мотт ца бийцар! Ингалсан, Iаьрбийн, оьрсийн меттанех дозалла деш лела цхьаберш. Цхьа а дозалла дац хьуна, кхечу къаьмнийн меттанаш хаар, нагахь санна ненан мотт хууш хьо вацахь.

Европехь со волчу хенахь, маса мотт хаьа хьуна аьлла хаьттича, ас кхо мотт хаьа аьлча, хьан ненан мотт буй царна юкъахь олу соьга. «Бу дера, суна дуьххьара Iемина мотт ма бу иза», – жоп ло ас. Школе ваххалц Iаьрбийн мотт хиъна бац суна. Иштта къамелехь лелийна ца Iаш, социальни сеташкахь а, вала а волуш, нохчийн маттахь бен ца язйо ас. Вайн цIахь-м муха ца буьйцу иза, оццул гIирсаш, хьелаш, меттан Iилманчаш цигахь хилча?! «Youtube» чухула хьоьжуш Iа со, ненан мотт хьоьхуш Хамидова Зулай ю, Вагапова Асет, иштта кхиболу  меттан говзанчаш бу. Дависа, велар со цигахь, цаьрга дуккха хаттарш дийр дара ас!..».

Iабдул-Хьамидан жоьпе ладоьгIча, гIеххьа эхь хета тахана нохчийн маттаца дахаран некъ боьзна, цунах дог лозуш йолчу суна а… Ма бакъ лоь иза. Доккха эхь ду-кх ненан мотт цахаар. Нохчийн мотт хууш ца хилча сайн дахар муха хир дара-те аьлла, ойла а ца яло соьга. И сурт хIоттийча, суна сайх мотт луьйш доцу адам хетало … ЗаьIап адам. Иштта заьIап ву-кх, шен лаамехь ненан мотт дIатесна, иза бицбина леларг.

А.МУСАЕВА

№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

11 комментари йазйина хIокху “Ша верг дуьненан йистехь а ву нохчи” йаздарна бухахь

  1. Хазам ву са нен ваш … Дал дукх вах войл ! … Нохчйин мотт санна мерза ненан мотт хилч и мух дIа тас ло теш …. Дал Iалаш бойла вай нах а вай мотт а !

  2. Мусаева, Дела реза хуьлда хьуна.

    Тахана шен маттах ца вешаш леларг кхано дохко вер ву тIаккха тIаьхьа хир ду. Шемара (сирера) нохчашна чIогIа халахета таханлерчу дийнахь шаьш мотт бицбина хилара. Хийла соьга ,Iаьрбийн маттахь бIаьрхишца, нохчийн мотт Iамбар доьхуш Сирера а Иракера нохчи баьхкина. Суна-м дукх кIезиг хаьа вайн мотт делахь, цхьа бIаьрг берг бIаьрзечарна юкъахь молла ву ма олу. Суна а чIогIа лаьара цаьрна Iамбан, амма ”нохчийн мотт хууш воцчунна мотт Iамабеш” жайнаш дац Урдунехь.

    Вайн мотт, вайн къам … ялх эзар шо хьалха хIара мотт буьйцуш латтан букътIехьа хилла ду, боху талламхоша (http://www.hartford-hwp.com/archives/63/077.html). Дала цхьана бахьнина лаьтта деш ду олу вайн къам ….. ИбрахIим пайхамарна (дела салам хила цунна) нохчийн мотт хууш хилла хиларан а билгалонаш ю, тIаккха цуьнан къораI (“Сухьуф ИбрахIим” олуш дерг .. хIинца карийна дац иза) карийча, Нохчийн маттахь хир ду, вайн маттахь бен кхетош хир дац, олуш денна тIе чIагIлуш ю и тема.

    1. Дела реза вайна массарна а хуьлда. К1езиг ца хаьа хьуна-м) Тхуна ч1ог1а хазахета ахь иштта ненан меттан сий деш, иза 1амош, буьйцуш. Дала сий дойла хьан.

  3. «тайп-тайпана белхаш дина Iабдул-Хьамида »

    Грамматика ледаро ю вайн авторан? Белхаш БУ нохчийн маттахь

  4. Сан ваша, Х1арон

    Граммаран г1алат ду аьлла ца моьтту суна Мусаеваниг.Зорбанан г1алат ду. Нохчийн маттахь къамел ( статья)яздар онда болх бу, муххале компютр чу баьлла боцу дела. Лармаза дина г1алат билгал доккхуш программаш ца хилца.

    Ларамца

  5. Ассаламу алайкум, йижарий, вежарий. Вайн нохчий матта т1ехь дуккха а болх бан беза, х1унда аьлча, иза нисса ах бан бац. Оьрсий маттера цхьадол х1ума гоч дан а воьлча, нохчийн маттахь дог1уш долу дош ца карош дуккха а ойл йан езаш нисло. Вайн нохчийн метта г1улкхаш ч1ог1а ледар ду. Хийла оьрсаша вайн т1ехь а тухуш меттигаш бойлла, оьрсийн дешнаш юкъа ца детташ шуна шайн мотт бица а ца ло аьлла. Иштта ледар ду вайн адмийн ц1ерашца дерг, нохчий ц1е йолуш цхьа наггахь верг бен ца волу вайна юкъахь. Д1а хотто бух а боцуш, лаца т1ам а боцуш лаьтташ г1уллакх ду х1ара.

    1. ВаIалайкум ассалам, ваша. Хьо бакъ лоь, дуккха а къахьега деза вай ненан мотт кхидIа бахийта лууш делахь. Хьан йоза хIинццалц тидамза дисарна бехк ма билла. Дала мукъ лахь, диканиг хир ду, нохчийн мотт кхуьур а бу. Карарчу хенахь оха цу тIехь беш боккха болх а бу, Иорданерчу вайн вежаршца, йижаршца цхьаьна.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: