Аэропорт а, цIерпоштнекъан вокзал а йарна леррина тидам тIебахийтина

Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима кхеташо дIайаьхьира министрийн кабинетан декъашхошца.

Цигахь дийцаре дира Соьлжа-ГIалахь аэропорт а, цIерпоштнекъан вокзал а йаран хьокъехь долу гIуллакхаш.

М.Хучиевс дийцарехь, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан цIарах йолу Соьлжа-ГIалара («Северный») аэропорт а, цIерпоштнекъан вокзал а Нохчийчоьнан йуьхь йу.

«Кхузаманан некъийн-транспортан инфраструктура бахархошна оьшу бегIийлаш йолуш хила йеза. Шеко йоццуш, республикина доккхачу маьIне йолу и объекташ йаро таро лур йу регионан бахархошна а, кхуза алссам оьхучу туристашна а дIасалела аьхна хьелаш хилийта а, дIасалелар кхерам боцуш хилийта а, кхочушдечу хьаштийн дикалла лакхайаккха а. И дерриге а дикачу агIор хаалур ду республикин экономикин декъехь», – элира цо.

М.Хучиевс билгалдаьккхира герггарчу хенахь говзанчаша аэропорт йаран белхаш дIаболориг хилар.

«Аэропорт йаран проект хIинцале чIагIйина «Главгосэкспертиза» ФАУ-с. Герггарчу хенахь чIагIйина йала декхар ду аэровокзалан комплексан проект а. Цуо таро лур йу гIишлошйаран белхаш дIаболо», – бохура Нохчийчоьнан Правительствон Председатела.

Соьлжа-ГIалахь йан леринчу цIерпоштнекъан вокзалан проектан хьокъехь а дийцира М.Хучиевс.

«ЦIерпоштнекъан вокзалах дерг аьлча. Карарчу хенахь лаккхарчу жигараллица дIахьош бу гIишлошйаран-монтажан белхаш. Оцу объекто дIалоцуш йерг 3 эзар сов квадратан метр майда йу», – хаийтира цуо.

И гIуллакхаш дийцаре дечу хенахь Хучиев Муслима хьокъала боллучу министрашна а, ведомствийн куьйгалхошна а тIедиллира «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу («Северный») аэропортан гIишло йар а, цунна реконструкци йар а», «Соьлжа-ГIалахь транспортан-тIехааран зIенан вокзалан комплексана реконструкци йар» проекташ кхочушйар ницкъ ма-кхоччу сихдар.

Цуо иштта дIахаийтира аэропорт а, цIерпоштнекъан вокзал а йаран гIуллакхна тIехь ша хаддаза сема терго латториг хилар.

Д.ПАШАЕВ
№4, кхолламан (январь) беттан 19-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: