Халачу а, кхерамечу а хенахь кхоьллина йолу вайн налогийн урхалла тахана махкахь а тоьллачех цхьаъ йу

Россин Федеральни налогови службин Нохчийн Республикехь йолчу урхалло хIокху деношкахь билгалдаьккхира урхалла кхоьллина де.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу хиламца декъалвира ведомствон куьйгалхо Осмаев Муслим а, ткъа иштта, урхаллин берриге а белхахой а.

«Вайна дика дагадогIу вайн налогови органаша шайн болх муьлхачу хьелашкахь дIаболийра. Хала а, кхераме хан йара иза. Дуьненайукъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIа а баьхьна, когахIуттуш йара республика. Бан ма-беззара болх барна оьшу материалийн-техникийн бух бацара. ХIетте а, вайн республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш, Россин Федеральни налогови службин Нохчийн Республикехь йолу урхалла кхиамца чекхйелира когахIотторан муьрах, йоццачу хенахь болх хила ма-беззара дIахIоттийра цуо», – йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Телеграм-каналехь йолчу шен официальни агIонехь.

Кадыров Рамзана дийцарехь, таханлерчу дийнахь Россин Федеральни налогийн службин Нохчийн регионан урхалла бакъонца махкахь а уггаре а тоьллачарах цхьаъ лоруш йу.

Урхалло эвсаре болх бар бахьана долуш республикехь хаалуш ду налогашца доьзна декхарш шо-шаре даларца тIеттIа лахлуш хилар а, регионан консолидированни бюджете кхочу налогаш хаддаза алсамйовлуш хиларна кхачойеш хилар а.

Иза бIаьрла тоьшалла ду регионан урхаллин белхахой а, куьйгалхой а шайна хьалхахIиттийначу декхаршца кхиамца ларош хиларна.

Шайн урхалла кхоьллинчу денца Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана декъалдаро дог-ойла ир-карахIоттийна йу йерриге а коллектив. Теша лаьа цо иза керлачу кхиамашка кхачориг хиларх.

Хь.САДАЕВ
№4, кхолламан (январь) беттан 19-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: