Россин субъектийн тоьллачу куьйгалхошна йукъахь ву Кадыров Рамзан

Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан Россин регионийн Iаткъамечу куьйгалхойн рейтингехь тIаьхьарчу хенахь даима а хьалхарчу меттигашкахь хуьлуш ву. Иза вайн халкъана боккха йуьхькIам бу.

Иштта, 2021-чу шеран гIуран (декабрь) беттан хаамашца нийса а догIуш, оцу рейтингехь шолгIачу меттехь ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо.

«Къаьсттина боккха Iаткъам» цIе йолчу тобанна йукъахь а ву Кадыров Рамзан.

«Россин Федерацин субъектийн куьйгалхойн Iаткъаман рейтинг». 2021-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь Россин регионаш а, регионан политика а» талламаш кечбина политикин а, экономикин а коммуникацийн Агентствон (АПЭК) эксперташа.

Россин экспертийн йукъараллин лидерша Россин регионийн берриге а куьйгалхойн Iаткъаман цхьаьна мах хадорца хIоттийна йу хIара рейтинг.

Оцу рейтингашкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо даима тоьллачарна йукъахь хуьлуш ву. Иштта, дуккха а шерийн дохаллехь соцмедиахь регионийн уггаре а жигарчу куьйгалхойх цхьаъ ву иза.

Шен гIуллакхаш дукха хиларе хьаьжна ца Iаш, Кадыров Рамзанан социальни сеташкахь лелош агIонаш йу. Оцу агIонашкахь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо довзуьйту республикера керланаш, Россехь а, дозанал арахьарчу мехкашкахь а долчу хьолах лаьцна шена хетарг йаздо, регион кхиорехь беш болчу белхан хьокъехь дуьйцу, доьзалан суьрташ а, видеоматериалаш а гойту.

Цаьрга йоккха хьашто хуьлу оцу сайтех пайдаоьцучеран.

Хь.САИДОВ
№4, кхолламан (январь) беттан 19-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: