Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхолламан (январь) беттан 18-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь йоккха кхеташо дIайаьхьира.

Цигахь дийцаре диначарна йукъахь коьртаниг дара Нохчийчохь «ЦIена мохк» федеральни проект кхочушйаран хьокъехь долу гIуллакх.
Къаьсттина маьIна долуш гIуллакх ду иза, вайн берриге а махкана санна, Нохчийн Республикина а, хIунда аьлча, бахархошна экологин кхерамзалла хилийтарна кхачойарехь мехала ду иза.
«Россин Президента Путин Владимира субъектийн куьйгалхошна тIедиллира и гIуллакх шайн тергонехь латтор. Вай дерриге а дийр ду вайн къоман баьччас хьалхахIиттийна декхарш дика а, йоццачу хенахь а кхочушдархьама. Со чIогIа воккхавеш ву «ЦIена мохк» проект кхочушйарехь Нохчийн Республика мехкан йерриге а субъекташна йукъахь хьалха хиларх. Цу йукъахь йу бакъо йелла йоцу нехаш дIакхуьйсу 19 меттиг. Кхин а кхаа объектана проектан-сметин документаци ду кечдеш. Нехаш дIакхуьйсуш хилла 14 меттиг хIинцале дIайаьккхина. Республикехь хIинца а йу бакъо йелла йоцу нехаш дIакхуьйсу 11 меттиг. Уьш проектана йукъайохуьйтийла дац, хIунда аьлча, уьш гIаланашкахь йац. Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместительна Тумхаджиев Iийсана ас тIедиллина оцу гIуллакхан цхьа йист йаккхар а, нехийн оьланаш йолу и меттигаш дIацIанйарна харжаш лахар а», – элира Р.Кадыровс.
Кхеташонехь дийцаре дира, иштта, йоха гергайаханчу хIусамашкара нах кхечу хIусамашка дIакхалхоран хьокъехь долу гIуллакх а. Нохчийн Республика оцу декъехь а хьалхарчу меттехь йу.
2025-гIа шо тIекхачале бан безаш хилла болу берриге а болх хенал дикка хьалха кхочушбина баьлла. Кхо эзар сов стагана керла хIусамаш йелла. ХIинцале вовшахтоьхна керла ларам (перечень). Цунна йукъадахийтина 664 цIа. Хьокъала йоллу заявка федеральни центре дIайахьийтина. Герггарчу хенахь цунна жоп хир ду.
«ХIара шо Промышленностан шо ду аьлла, дIакхайкхийна вайн республикехь. Экономикин коьрта дакъа кхиорна ондда бух билла а, масех йоккха проект кхочушйан а дагахь ду вай. Ас Правительствона тIедиллина оцу гIуллакхан кIорггера таллам бар а, цуьнан хьокъехь хетарг сайна довзийтар а. Нохчийчоьнан промышленностан йаккхий таронаш а, тIаьхьалонаш а йу. Вай царах буьззина пайдаэца беза», – билгалдаьккхира регионан Куьйгалхочо.
Мехала кхин цхьа гIуллакх а дийцаре дира цигахь. Иза коронавирусан омикрон-штамман хьокъехь дара. Кадыров Рамзана бахархошка кхайкхам бира цунах кхера оьшуш дац аьлла.
Делахь а, бахархошка дехар дира туьтмIаьжгийн раж а, социальни йаккъаш а ларйахьара, вакцинаци йайтахьара, аьлла.
Цо чIагIдина ма-хиллара, иштий бен вайга коронавирусна тIехь толам баккхалур бац.
Д.АНАДЕВ
№4, кхолламан (январь) беттан 19-гӀа де