А-Хь.Кадыровн а, Белореченски а урамаш къаьстачохь вовшахкхетта 1995-чу шарахь вина волчу Гуьмсан кӀоштан Керла-Шоьнан вахархочун «ВАЗ-217030» машен а, 1979-чу шарахь вина волчу Шелан кIоштан Сиржа-Эвларчу вахархочун «ВАЗ-21110» машен а.
Некъан-транспортан бохам хиларехь лазийна волу «ВАЗ-217030» автомашенан водитель, дарба дан, Гуьмсерчу №2 йолчу больницин Травматологин отделене вигна. Машенаш кIеззиг бен ца йохийна.
Некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкенан барам а къастош бу. ДIахьош ду таллам бар.
А.КАНТАЕВ
№4, кхолламан (январь) беттан 19-гӀа де