«Пушкинан карта» культурин проектехь – керла хийцамаш

Хууш ма-хиллара, вайн махкахь кхочушйеш йу культурин «Пушкинан карта» проект. 14 шарера 22 шаре кхаччалц хенаш йолчу кегийрхошна пачхьалкхан чоьтах культурин мероприятешка баха аьтто беш йу и проект.

И проект йукъайаьккхича «Пушкинан карти» тIе дуьххьара даккха лерина ахча 3 эзар сом дара. Дийнна шарахь музейшка, концерте йа театре оцу ахчанца билеташ эца йиш хир йолуш.

Амма, кху шарахь, оцу проектана йукъахь жимма хийцамаш бина — 3 эзар соьман меттана, дийнна шарна лерина, 5 эзар сом хир ду карти тIехь. Иштта, Россин киношка хьовса боьлхуш а, оцу картех пайдаэца йиш хир йу.

«Пушкинан карта» культурин проект 2021-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна болх бан йолайелла. «Почта России» банкан карта йа «Госуслугаш» чухула онлайн карта даккха деза.

Проектан коьрта Iалашо йу кегийрхой культурин учрежденешка марзбар а, царна цига баха ахчанца гIо дар а. Россин массо а регионан пачхьалкхан культурин учрежденеш йу оцу проектехь дакъалоцуш. ХIинцале а 85 регионан культурин 1 354 учреждени йукъайахана оцу проектана.

Йерригроссин «Пушкинан карта» проектехь Нохчийн Республикин культурин хIокху учрежденеша дакъалоцу: Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу «Сийлаллин Аллей» мемориалан комплексо, А-Хь.Кадыровн цIарах йолчу нохчийн пачхьалкхан галерейс, Нохчийн Республикин музейс, I.Шахбулатовн цIарах йолчу нохчийн пачхьалкхан филармонис, Иллийн а, хелхарийн а пачхьалкхан «Нохчо» ансамбло, Хелхарийн «Вайнах» пачхьалкхан ансамбло, Х.Нурадиловн цIарах йолчу нохчийн къоман музейс, М.Лермонтовн цIарах йолчу оьрсийн драмин театро, Къоначу хьажархочун театро.

14 шарера 22 шаре кхаччалц хан йолуш волчу Россин гражданинан бакъо йу муьлххачу а регионан культурин учрежденин мероприятехь оцу картица дакъалаца. Бакъду, шен Iалашонца бен лело магош дац и карта.

ХIора культурин учрежденин интернет сайта тIехь а, афишашкахь а хаам хир бу «Пушкинан карта» проектехь дIайахьа лерина мероприятеш йовзуьйтуш. Билеташ а церан сайта тIехь йа оццу учрежденехь эца мегар ду.

Цул сов, оцу картанах пайда а оьцуш, билет эцна, амма (театре, музей, концерте) вахар нислуш дацахь, и мероприяти дIайолайалале хьалха, билет йухаделча, оцу учрежденис ахча меттахIоттадо.

ВЕГИЕВА Макка
№4, кхолламан (январь) беттан 19-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: