И.Байсултанов: «COVID–19 уьнан керлачу тулгӀенна кийча хила деза»

Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министра Байсултанов Идриса Нохчийн Республикин вице-премьерца Сулейманов Эльханца цхьаьна дакъалецира Россин Федерацин могашалла Ӏалашйаран министра Мурашко Михаила дӀахьочу видеоселекторни кхеташонехь.

И.Байсултановс дийцарехь, кхеташо дӀайолош М.Мурашкос хаам бира COVID-19 ун омикрон-штаммо карзахдаьккхина пхоьалгӀа тулгӀе схьакхочуш хиларан хьокъехь.

Федеральни министра хаам барехь, керла омикрон-штамм хьалх-хьалха хиллачу штаммел а нуьцкъала йу. Хетарехь, могашалла Ӏалашйаран хьаьрмина керла, даккхий зераш хир ду, къаьсттина амбулаторин-поликлиникин дакъошна.

Хьал ладоьгӀийла йолуш хиларца доьзна, республикин амбулаторин-поликлиникин службийн болх чӀагӀбар тӀедиллина.

Иштта, педиатрин службин а, лабораторин а болх кхачам боллуш хилийтар а дехна. Оьшуш меттиг хилахь, кӀошташкахь йолчу поликлиникашкахь медицинин гӀо лоцуш кийча хила беза медицинин вузийн студенташ.

COVID-19 ун лайначарна диспансеризаци йаран гӀуллакх а дийцаре дира кхеташонехь. Россин субъекташна йукъахь бахархошна диспансеризаци йарехь лаккхара кхиамаш баьхна шолгӀа регион йу Нохчийн Республика.

Кхеташо чекхйаьлча, Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министра Байсултанов Идриса медицинин учрежденийн куьйгалхошка хаам бира Е.Глинкин цӀарахчу республикин клиникин больницин коьрта лор Межидов Казбек а, Ш.Эпендиевн цӀарахчу республикин клиникин больницин коьрта лор Успанова Сацита а, берашна а, баккхийчарна а медицинин гӀо даран белхан Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министран гӀоьнчийн даржашка хӀиттийна хиларан хьокъехь.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВ
№4, кхолламан (январь) беттан 19-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: