Арсанукаев Мусан «Седарчийн йоза» книга арайаьлла

ХӀокху деношкахь Россин Журналистийн а, Йаздархойн а союзийн декъашхочун, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан а, публицистан а Арсанукаев Мусан «Седарчийн йоза» книга арайаьлла (2017-чу шарахь дара Мусан берашна лерина йолу «Бераллин гIенаш» книга зорбане йаьлча).

«Седарчийн йоза» книга Нохчийн Республикин Йаздархойн союзо арахецна. Книгина йукъадахана 12 дийцар, 1 повесть, 8 гочдар, 4 некъахочун йоза, 13 публицистикин статья, 1 пьеса.

Тайп-тайпанчу теманашна лерина йу авторан говзарш. Йешархойн хаарш тӀедузур долуш, историн хиламех а, къоман турпалхой а, вайн Iаламан исбаьхьаллах а, дахаран уггаре а хазачу муьрах, бераллин хенах а, деша аттачу маттахь йаздина дийцарш ду уьш.

Вевзаш волчу литературин критикца Бурчаев Хьалимца хиллачу шен къамелехь Мусас билгалдаьккхина йаздархочун болх жоьпаллин хилар… Бакъволу йаздархо веккъа цхьа говзарш кхоллархо хилла ца Iа, иза шен къомаца воьзна хила веза, къоман хазахетар а, халахетар а, цунна тIедеана дика а, вон а йаздархочух чекхдолуш хила деза. ТIаккха хир ву цунах дика йаздархо, и цIе лело хьакъ волу стаг. Къам а, Даймохк а, цуьнца доьзнарг дерриге а дезаш хила веза иза.

Делахь-хӀета, Даймохк а, къоман мотт а безар Мусагахь долуш ду. Студентийн шерашкахь дуьйна а хилла Муса кхолларалле шовкъ йолуш. Ткъа 2009-чу шарахь, ша республикин «Даймохк» газете балха веача, кхин а жигарабаьккхира цо шен кхоллараллин болх. Цуьнан говзарш кест-кеста зорбане йуьйлура «СтелаIад», «Орга», «Вайнах» журналаш тIехь.

Ша хьехархо хилла хиларна, берийн дуьне шена дика девзаш хиларна, берашна лерина дийцарш кест-кеста йаздо цо. Царна йукъахь «Бабин шай» а, «Аттйокх йекачохь» а, «Цхьа гIалат» а, «Йоккхачу тоьпан хIоъ» а, кхидолу а дийцарш ду.

Бераш даима а хуьлу арахь Ӏен лууш. Иза царна Ӏалам дукхадезарца доьзна а дуй-те олий хетало. «Аттйокх йекачохь» дийцарехь дика гайтина и меттиг. Ткъа «Лийрдоцу доьналла» дийцарехь нохчийн къоман турпалхочун Бенойн БойсгIаран доьналла гойту цо.

Иштта, историн темина лерина кхин а масех дийцар ду кху гуларна йуккъехь. Масала, «Лийрдоцу доьналла», «Шайх Мансур. Маршонан векал», «Даймехкан мукъамаш».

Вайн заманан турпалхой а бевзар бу Мусан гуларехь. Иштта, цуьнан «Мангалхо», «Мотт ца хуу безам», «Реанимаци», «ЧIаба» дийцаршкахь гайтинарг вайна гонахара дахар ду, шен хазахетаршца а, халахетаршца а.

Говзарш, цIеначу нохчийн маттахь йаздина хилар бахьана долуш, йеша а, кхета а атта йу. Уьш меттан исбаьхьаллин гIирсех, халкъан кицанех, фразеологин карчамех, фольклорах пайдаоьцуш йазйина.

З.ХИЗИРОВА
№4, кхолламан (январь) беттан 19-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: