Дукха хан йоццуш Москвахь дIайаьхьира пауэрлифтингехула дуьненайукъара турнир.
Цигахь дакъалоцуш вара 37 пачхьалкхера 200 спортсмен.
Вайн республикера оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара дозалардархо Мустапаев Хьасан.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь Хьасана хьалаайъира 100 кг., цу тайппана цо дуьненан рекорд хIоттийра. Хьалхара меттиг а, дашо мидал а йаьккхира цо.
З.ШИШХАНОВА
№4, кхолламан (январь) беттан 19-гӀа де