Масех де хьалха Нохчийчу веара Йеменера веза хьаша, цIеяххана Iеламстаг, шариIатан Iилманийн доктор Сайфуль Асри. Бусалба ваша вазвина тIеийцира республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнчас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу «Некъ» телерадиокомпанин директора Шахидов Адам-Хьаьжас а, муфтиятан векалша а.
Цул т1аьхьа Шайх Сайфуль Асри цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзан-Хьаьжица. Цара доглазарца дийцира тахана Йеменехь а, Малхбалехь а, 1аьрбийн цхьамог1а пачхьалкхашкахь а долчу карзахечу, кхерамечу хьолех лаьцна. Шайх Сайфуль Асрис билгалдаьккхира бусалбанашна юкъахь зуламе боламаш хилар. Цо дийцарехь, церан 1алашо ю бусалба уммат декъар, бусалбанаш вовшашца эг1ор, царна юкъахь т1емаш, девнаш, къийсамаш хилийтар. Оцу боламашна юкъахь берш даима а билгал хилла шайн 1илма заь1ап хиларца, баккъал а 1илма 1амо ца лаарца, коьрта доцу х1уманаш схьа а лоьцуш, коьрта долчунна т1ера тидам д1ахьийзорца, бусалбанаш тило, 1ехо г1ертарца.
Хьешо иштта воккхаверца дийцира Нохчийчоьнан 1еламнаха бечу беркатечу балхах лаьцна. Цо аьлла ма-хиллара, Нохчийчуьрчу 1еламнаха луьра къийсам д1ахьо экстремистийн боламашна дуьхьал. Цо таро елла регион царах д1ац1анъян.
Йеменерчу хьешо 1уьйренан фарз ламаз дира вайн республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а, Нохчийчуьрчу кхечу бусалбанашца а цхьаьна. Ч1ог1а дика жама1ат хилира цунах. Ламаз дерзош до1а дира Сайфуль Асрис. Цул т1аьхьа шайхас дийцира нохчашца цхьаьна динчу 1уьйренан ламазо шена бинчу синхьаамех, кхоьллинчу дикачу ойланех лаьцна. Къаьсттина тидам юха а т1ебахийтира бусалбанийн дуьненахь кхолладеллачу хьолана а, бусалбанашка болчу лехамашца доьзначу г1уллакхашна а.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Йеменерчу хьешана баркалла элира вайн регионе варна, мехала цхьаьнакхетарш д1адахьарна, доккха маь1на долу хьехамаш барна. Цо д1ахаийтира Йеменехь долчу хьолана нохчийн халкъ сагатдеш хилар а, цигарчу бусалбанашна юкъахь масла1ат даран некъаш лахаре сатесна хилар а. Баккъал а беркате хилира и цхьаьнакхетар.
Д.АНАДЕВ
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо