«Терахьан дарсашкахь» дакъалоцур ду Соьлжа-ГӀалин школаша а

Йерригроссин «Терахьан дарсаш» акцин гурашкахь Нохчийн Республикехь кхочушйийр йу «Кибератакаш таллар» дешаран программа.

Соьлжа-ГӀалин мэрин Дешаран департаментан пресс-службо хаам барехь, кхолламан (январь) беттан 17-чу дийнера чиллин (февраль) беттан 6-чу дийне кхаччалц йолчу йукъанна йукъарчу дешаран школаша дакъалоцур ду оцу проектехь.

Йерригроссин «Терахьан дарсаш» проект кхочушйеш йу къоман «Россин терахьан экономика» проектан гурашкахь.

Соьлжа-ГӀалин школашкахь дӀадахьа леринчу дарсашкахь дуьйцур ду киберкхерамазаллах а, цуьнан талламах а лаьцна. Дешархойн хаарш интернетан кхерамазалла Ӏалашйан Ӏамош тӀедузур ду.

Дешархоша кибердетективан ролаш ловзор йу. Хила тарлуш йолу киберинцидент къастош талламаш бийр бу. Дешархошна хуур ду карлайаккхаза йуьтуш йолу программа а, электронни почтехула кхаьчна тидамза дуьтуш долу кехаташ а хакершна шайн пхьола дан дика «ринжа» дуйла.

Царна (дешархошна) лерина онлайн-тренажерехь кечйина видеолекцеш а, шардарш а хир ду. «Персональные данные», «приватность», «конфиденциальность», «овершеринг», «терахьийн лар», «шпионийн ПО» бохучу кхетамийн маьӀна достуш, дешархой духе кхуьур бу киберкхерамазаллин бакъонашна.

Йуьйцуш йолу тренажераш лерина йу школин йерриге а классийн дешархошна. Тренингаш кхаа тобане йекъна: 1–4 классаш, 5–8 классаш, 9–11 классаш.

«Дешархойн терахьан экономикин а, хаамийн технологин а дакъошкахула болу хьежамаш а, хаарш а кхиор йу оцу дарсан коьрта Ӏалашо. Дешархошна хуур ду шайн телефонийн номерш а, адресаш а, суьрташ а, шайх лаьцна болу хаамаш а хьанна а гур болчу интернетан машане баха ца мегий», – дийцира Соьлжа-ГӀалин дешаран департаментан хьаькама Ахматов Зелимхас.

Зуламхоша шайн бозбуанчаллаш лелор ду царна тӀетийжаш. Шайна ца йевзачу сайташкахь ловзар а, оцу сайташкахь йухкуш йерг эцар а кхераме хиларх а дуьйцур ду.

Йерригроссин «Терахьан дарсаш» проект лерина йу дешархошна а, хьехархошна а, берийн дай-наношна а.

Кхузаманан хаамийн технологех пайдаэца а, шайн кхерамазалла ларйан а Ӏамар хӀоранна а оьшуш йеана зама йу хӀара.

З.ХИЗИРОВА
№5, кхолламан (январь) беттан 22-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: