Россин «РАЭКС-Аналитика» агентствон талламца билгалйаьхна Нохчийн Республикин тоьлла школаш.

Агентствос таллам бечу хенахь уггаре а хьалха тидаме оьцу, школера маса дешархо Россин ВУЗ-ка деша вахана.
Иштта, оцу талламашца билгалйаьлла Нохчийчоьнан уггаре а тоьлла школа. Иза Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Соьлжа-ГIалара №1 йолу гимнази йу. ШолгIачу меттехь йу Соьлжа-ГIалара Президентски лицей, кхоалгIачу меттехь – Соьлжа-ГIалара №7 йолу школа. Цул тIаьхьа йогIуш йу Соьлжа-ГIалара №3 йолу а, №14 йолу а гимназеш.
Билгалдаккха догIу агентствос пхи меттиг дIайелла школаш йерриге а Соьлжа-ГIалара хилар.
– №1 йолчу гимназин арахецархоша лаккхарчу жамIашца Цхьааллин экзамен дIало масех шо ду. Хьехархойн а, дешархойн а йукъарчу къинхьегаман жамI ду иза. Уьш хIинца лаккхарчу дешаран заведенешкахь доьшуш бу. Бакъду, иштта, дIайаьхьначу рейтингаша дай-нанойн сагатдо. Царна хета тарло, шайн бер тоьллачу школехь доьшуш хилча, цуьнга экзаменаш дIайалалур йу, университете иза дIа а тасалур ву, аьлла. Амма иза иштта дац, коьртаниг – бер ша а деша лаам болуш хила деза. Цунна гIо деш да-нана а хила деза. ТIаккха жамIаш а лаккхара хир ду экзаменашкахь, – билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаментан куьйгалхочо Ахматов Зелимхас.
ВЕГИЕВА Макка
№5, кхолламан (январь) беттан 22-гӀа де