Нохчийн Республикин могашалла Iалашйаран министра Байсултанов Идриса Соьлжа-ГӀаларчу медицинин 8 учрежденин болх теллира. Цунах лаьцна хаам бина республикин Могашалла Ӏалашйаран министерствон пресс-службо.

Болх талларан Ӏалашонца министр хилира Уьнийн цамгарийн клиникин республикин туьшахь а, Берийн № 2 йолчу клиникин больницехь а, Берийн №5 йолчу поликлиникехь а, Клиникин №3 йолчу больницехь а, ткъа иштта, Соьлжа-ГӀаларчу №2 йолчу поликлиникехь а, оцу поликлиникин Несерхоев Изновр Шайхан а, Элиханов Жамлайлан а цӀарахчу йарташкахь йолчу филиалашкахь а.
Оцу учрежденешкахь министра теллира берашна а, баккхийчарна а медицинин гӀо даран хьелаш. Коьрта тидам тIебахийтира оцу больницийн амбулаторни-поликлиникин дакъошкахь а, стационарашкахь а долчу материальни-техникин а, санитарни-эпидемиологин а хьелашна, уьш кхузаманан лехамашна жоп луш хилийтарна.
Къаьсттинчу тидаме ийцира медицинин хаамийн БАРС системехь болх бар а, документаш нийса лелон хаар а. Больницийн тIеэцаран отделенешка а, стационарашка а хьаьжира министр.
Больницийн лоьрийн коллективашца а, шайна дарба леладайта баьхкинчу бахархошца а къамеле велира И.Байсултанов.
Бахархошца дӀахьош болчу профилактикин белхан а мах хадийра цо. Проблемийн цхьайолу агӀонаш дархошца хиллачу къамелехь билгал а йевлира.
Белхаш теллинчу медицинин учрежденийн куьйгалхошна тӀедиллина дарбанан-профилактикин белхаш жигарабахар а, ткъа иштта, бахархошна медицинин гӀо даран дикалла лакхайаккхар а.
№5, кхолламан (январь) беттан 22-гӀа де