Лаьмнийн кIоштахь спорткомплекс хир йу

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, Итон-Кхаьллан кIоштан коьртачу шахьарахь даздаран хьолехь дIадаьхьира «Ахмат» спорткомплексана лард йиллар.

Цунна буха диллира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIекхуьучу тIаьхьенашка дина кост.

Лаьмнийн кIоштан дахаран оцу беркатечу хиламехь хилира Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим коьртехь волу Iедалан векалш а, хьеший а.

Итон-Кхаьллахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу урамехь Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу РОФ-н харжаца йан йолийна стадион цхьа могIарера стадион хир йолуш йац, иза спортсменаш кхион кхачам боллуш аьттонаш болу меттиг хир йу. Стадионца цхьаьна йеш йу кечамбаран база а.

Шен къамелехь М.Хучиевс ма-аллара, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лерринчу тидамехь дара вайн махкахь спорт кхиор а, цунна лерина меттигаш йар а.

– Ткъа тахана нохчийн спортменаш дуьненна а бевзаш хиларна вай баркалла боху республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, – билгалдаьккхира М.Хучиевс, – цо даима а тидамехь латтабо вайн спортсменаш, кхочушдо церан хьашташ. Со тешна ву, дукха хан йалале, бевзачу спортсменийн могIарехь Итон-Кхаьллара кегийрхой хирг хиларх. Кху башхачу хиламца ас даггара декъалбо Итон-Кхаьллан кIоштан бахархой а, даггара Дела реза хуьлда боху вайн Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а вайн махкахь спорт кхиор лерринчу тидамехь латторна.

Ламанхойн хазахетар декъа баьхкинчу Iедалан векалшна а, хьешашна а кIоштан бахархойн а, шен а цIарах баркалла а олуш, вистхиллачу кIоштан администрацин куьйгалхочо Бурсагов ИбрахIима элира: – ХIара Итон-Кхаьллан кIошт кхиорна а, кхуьнан бахархойн Iер-дахаран хьашташ кхочушдарна а даима сема волчу вайн ларамечу паччахьна Кадыров Рамзанна а, вайн Мехкан нанна Айманина а даггара Дела реза хуьлда, Дала Шен дуьхьа дойла цара вайн бахархойн а, кегийрхойн а тергойар.

2022-чу шеран хьалхарчу чийрикехь йина йер йолчу кху объектан майда 2800 кв.м. йу, кхузахь хир йу буьрканах ловзаран кхо майда – футболан, баскетболан, волейболан, берашна лерина спортан тайп-тайпанчу ловзарийн а, иштта садаIаран а майданаш.

250 млн. сом мах болу хIара инвестпроект, лаьмнийн кIоштан бахархойн дахарехь бIаьрла меттиг дIалоцуш а, муьлххачу а регионера спортсменаш тIелаца а, царна шайн хаарш кхион оьшург дерриге а хир долуш а йу.

Р.РИЗВАНОВ
№5, кхолламан (январь) беттан 22-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: