Пачхьенера цхьамогӀа урамаш тодийр ду

«Кхерамза а, дика а некъаш» проект кхочушйаран гурашкахь тодеш ду вайн республикера некъаш. Уьш школашна а, берийн бошмашна а, иштта, социальни кхийолчу объекташна а тӀедоьлхуш ду.

Соьлжа-ГӀалин мэрин пресс-службо бинчу хаамца «Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь Висаитовн кӀоштахь тобийр бу рогӀера урам. Буьйцург 3 400 метр беха болу Шефски урам бу.

Оцу урамера 22 270 квадратан метр силаман чкъор хийцина ца Ӏаш, йукъарчу суьртаца догIуш долу гӀашлойн некъаш а дохкур ду.

Урамехь гӀашлойн 9 дехьасехьа волийла а йийр йу. Некъан пурхала 10 билгало а хир йу, машенаш чехка ца хехкийта. Цул тӀаьхьа, 163 некъан билгало а хӀоттош, берзор бу некъ тобаран белхаш.

Шефски урамехь шиъ йукъарадешаран школа а, жамаӀатан маьждиг а, иштта, Нохчийн индустриальни техникум а йу. Оцу бахьанашца, дуккха а машенаш хуьлу кхузахь дӀасалелаш.

Карарчу шарахь, къоман «Кхерамза а, дика а некъаш» проект кхочуш а йеш, кхин а 46,9 км йохалла йолу 48 урам тобийр бу Соьлжа-ГӀалахь. Царах масех урам: Шаумянан, Эпроновски, 30-гIа куп, Трамвайни, Тельманан, Мурдаловн, Циолковскийн, Садонскийн бахархоша социальни сеташкахь дехарш дарца къастийна бу.

Иштта, сурт хуьйцур ду: Джамбулан 2-чу а, Тельманан а переулкаша, академикан Павловн, Арбатан, Бабушкинан, Беловн, Битимировн, Бициевн, Богаткинин, Вологодскийн, Володарскийн, Гичикаевн, Димитровн, Ключевойн, Кренкелан, Кузбасскийн, Лозовацкийн, Межидовн, Монтажнин, Мраморнин, Нахимовн, Нестеровн, Нефтяниковн, Обороннин, Окраиннин, Кошевой Олеган, Полтавскийн, Поповн, Речнойн, Свердловн, Ставропольскийн, Староюртовскийн, Суворовн, Урицкийн, Фигурни, Флотскийн, Чадиевн, Челюскинцевн, Ярославскийн урамаша.

А.КАНТАЕВ
№5, кхолламан (январь) беттан 22-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: