Керлачу шеран хьалхарчу деношкахь хаза совгIат хилла Невран кӀоштарчу Гал-ГӀаларчу дешархошна – даздаран хьолехь кхузахь схьайиллина керла школа.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Х-Б.Дааевс а, Невран кӀоштан префекта М.Бухадиевс а.
Къоман «Дешар» проектан гурашкахь йина йу керла школа.
Кхо гIат а долуш, 600 дешархочунна меттиг а йолуш йу иза. Цо таро йелла кхаа рожехь доьшуш болу йуьртара дешархой шина роже берзон.
Керлачу школехь, кхузаманан лехамашца догӀуш долу хьелаш а кхоьллина. Цундела, керлачу программашца а, технологешца а болх бан аьтто хир бу хьехархойн.
ХIора а класс, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачойина йу, иштта, школехь актови зал а, библиотека а, кхачабааран чоь а, йоккха спортзал а йина.
Иштта, школин уьйтӀе а, кетӀе а тойина. Школа бахархойн хӀусамашна уллехь хиларо, хӀинццалц дIасалеларца йоьзна хилла йолу халонаш а дIайохур йу.
А.АБУЕВ
№5, кхолламан (январь) беттан 22-гӀа де