2015-чу шеран 10-чу июнехь Соьлжа-ГIаларчу йоккхачу концертийн залехь хилира къоначу эшаршлакхархочун Еснакаева ПетIаматан дуьххьарлера сольни концерт. Дукха хан яц вайн махкахошна Еснакаева ПетIаматан цIе хезна, евзина. Иза 1997-чу шеран ноябрь беттан дейтталгIачу дийнахь Соьлжа-ГIалахь йина, кхиъна, кхуззара №37 йолу школа 2013-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхина ю. Бераллехь дуьйна Iаламат чIогIа эшарш лакха лууш яра ПетIамат. Школехь доьшуш йолуш дуьйна цо жигара дакъалоцура берийн исбаьхьаллин, конкурсашкахь, фестивалашкахь. 2013-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу мэрин культурин департаменто дIакхайкхийначу «Парад голосов» цIе йолчу проектехь дакъалецира къоначу эшаршлакхархочо. Сцени тIехь дуьххьара цо йохучу гIулчашца гуш дара, йоI говза, нуьцкъала аз долуш хилар, ийза а ца луш, паргIат, хьовсархошна хьалха йиш дIалакха цуьнгахь хьуьнар хилар. «Парад голосов» проектан толамхо хилира Еснакаева ПетIамат. Цундела и проект чекхъяьлча, Соьлжа-ГIалин культурин департаментан Iуналлехь йолуш, «Столица» цIе йолчу, хелхаран а, эшарийн а ансамбле балха дIаийцира 2014-чу шарахь. Цул тIаьхьа радиохь, телевиденехь вайна кест-кеста хезара цуьнан зевне аз. КIезиг дацара цуьнан башха аз хаза луучу радиоладогIархоша хаддаза схьакхоьхьуьйту смс-дехарш. Йоццачу хенахь алссам ладогIархой шен зевнечу озаца йийсаре лаца кхиънера къона эшаршлакхархо. Царах доккхах долу дакъа Пет1аматан дуьххьарлерчу сольни концерте деанера.
Дукха адам дара 10-чу июнехь Соьлжа-ГIалахь хиллачу концерте гулделла. Зала чохь йолу меттигаш ца тоьаш, гуо бIаьккхина кхин а гIенташ хIитто дийзира концертийн залан администрацин. ТIаккха а мел дукха бара концерт чекхъяллалц ирахь лаьтта хьовсархой. Еснакаева ПетIамата дIалокху хIора йиш а, самукъадолий, дехха тIараш деттарца тIеоьцура гулбеллачара. Хаза кечам бина хиллера мэрин культурин департаментан белхахоша, шайна дукхаезачу ПетIаматан концерт хьовсархошка безамца тIеэцийта. Концерте баьхкинчу хьовсархошна, совгIатна тIоьрмигаш кечдинера цара, Еснакаева ПетIаматан эшарийн экъа, цхьацца шоколад чохь йолуш. Къаьсттина берашна мерза кхаъ хиллера цу совгIатех. Бакъду, массо хIуманал доккха совгIат, хаза кхаъ хиллера хьовсархошна цуьнан концерте, шен белхан накъосташца цхьаьна Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан варах. Даима санна, доза доцу комаьршалла гайтира мехкан Куьйгалхочо ПетIаматан концертехь. Къоначу эшаршлакхархочунна шен омрица Кадыров Рамзана «Нохчийчоьнан хьакъйолу артистка» аьлла, сийлахь цIе тиллира, концерт юккъе яьллачу муьрехь. Цунах там хиллачу Еснакаева ПетIамата шегара совгIат дира вайн баьччина. Шен эшарийн экъа чохь йолу тIоьрмиг, тIе а яхна, дIакховдийра цо Кадыров Рамзане. Хьовсархоша дехха тIараш детташ тIеийцира, концерт мелла а хазйина и сурт.
А.ДАЧАЕВА
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо