Автопарк тIейуьзна нехаш дIакхоьхьучу 60 машенца

Коммунальни чIогIачу даххех гIуллакхдаран «Оникс» ООО-н регионан операторан автопарк хIокху деношкахь тIейуьзна лерринчу техникица. Оцу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин гIишлошйаран, хIусамийн-коммунальни бахаман министра Зайпуллаев Муслима.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца дIахьош бу кест-кеста автопарк кхузаманан нехаш дIакхоьхьучу машенашца тIейузаран а, нехаш чутуьйсучу контейнерийн майданаш цIинйаран а болх», – бохура министра.

Леррина автотранспорт эцаран хьокъехь барт бина Рязанан областерчу «Ряжский авторемонтный завод» АО-ца.

Нехаш дIакхоьхьучу машенех пайдаоьцур бу коммунальни даххаш схьагулдеш а, дIакхоьхьуш а.

Дуьззина схьаэцча, «Оникс» ООО-н парк тIейуьзна лерринчу 60 техникица.

М.Зайпуллаевс билгалдаьккхира керлачу техники тIехь навигацин «ГЛОНАСС» система хилар. Цуо таро лур йу цу машенан маршрут ган.

Делахь-хIета, магийна йоцчу меттигашка нехаш охьайухкийла хир дац оцу машенийн водителийн.

Д.ПАШАЕВ
№5, кхолламан (январь) беттан 22-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: