Хин биргIанаш хийцарна – леррина тидам

Гуьмсе гIалахь, Iаьнан хIокху шийлачу муьрехь а ца сацош, жигараллица дIахьош ду хин биргIанаш хийцар, ширйелларш дIа а йохуш, церан метта керланаш йахкар.

БиргIанаш бIе сов километр йохаллехь хуьйцуш йу. ГIалин администрацехь бечу хаамашца таханлерчу денна, бан лерина хиллачух, 80 процент белхаш бина бевлла.

«Нохчийн Республикин бахархойн хIусамийн-коммунальни хьашташ дика кхочуш хьелаш кхолларна кхачойар» подпрограмма кхочушйаран гурашкахь дIахьош бу Гуьмсера хин биргIанаш керлачаьрца хийцаран болх.

ГIалин 50 гергга урамехь дIахьош ду и гIуллакх.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца нийса а догIуш Гуьмсан кIоштан администрацин коьрта декхар ду бахархойн дахаран хьелаш тодар, кIошт социально-экономикин кхиор, кIоштан экономикина инвестицеш йукъаозор.

Иштта, 2023-чу шарахь Гуьмсехь схьайоьллур йолуш йу Россин МВД-н Гуьмсан отделан гIишло.

Билгалдеш ду гIали йуккъехь йолу кхо гIат долу гIишло искусствон берийн школина дIайала. Къоман «Культура» проект кхочушйаран гурашкахь деш ду и гIуллакх.

№5, кхолламан (январь) беттан 22-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: