ХIусамийн фонд тIаьхьарчу ткъа шарахь пхоьазза алсамйаьлла

Нохчийн Республикехь тIаьхьарчу ткъа шарахь хIусамийн фонд пхоьазза алсамйаьла. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан гIишлошйаран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствехь.

«Регионехь боккха болх дIахьош бу хIусамашна гIишлошйар кхиорна хьелаш кхолларехь а, бахархошна бегIийлачу, йорахчу хIусамашца кхачойарехь а. ХIусамашна гIишлошйаран барам алсамбаккхарна догойла гIаттайо йеш йолчу гIишлошна инженерни, социальни, некъийн инфраструктурица кхачойаран некъаца. Иштта, тIеман хьелашкахь дукха гIишлош йохийна хилла хиларна 2001-чу шарахь регионера хIусамийн фонд 6,0 миллион квадратан метр йара. ХIетахь, йуккъерчу барамехь, хIора вахархочунна кхочург 5,0 квадратан метр йара. 2021- гIа шо чекхдолуш республикехь 30 миллион квадратан метр сов хIусамаш йара. Цхьана вахархочунна кхочушйерг, йуккъерчу барамехь, 20,3 квадратан метр йолуш», – хаам бира министерствехь.

Ведомствехь иштта билгалдаьккхира бахархойн хIусамийн хьелаш тодарехь хIора шарахь деш долчу гIуллакхийн барам шо-шаре мел долу алсамболуш хилар.

Керла, бегIийлаш йолу хIусамаш луш йу доха гергадаханчу цIеношкара а, токхамаш хуьлучу меттигашкара а дIакхалхош болчу нахана.

Цул сов, пачхьалкхо гIо до хIусамаш нисйарехь гIийла-мискачу бахархошна.

«Цуьнца цхьаьна лакхайолуш йу гIаланашкарчу хьолан дикалла. Тойеш, хазйеш йу цIенойн ков-керташ, куьце йалош йу йукъараллин майданаш, гIалахоша садоIуш йолу меттигаш. Дукхапетарш йолчу цIеношна капитальни ремонт йаран программа йу кхочушйеш», – элира министерствехь.

Оха хьалха а хаам бина ма-хиллара, 2021-чу шарахь Нохчийчоьно хенал хьалха кхочушйина доха гергадаханчу цIеношкара бахархой керлачу хIусамашка дIакхалхоран программа.

Графикца билгалйинчу хенал диъ шо хьалха кхочушйина йаьлла и программа — керла хIусамаш йелла 3,5 эзар стагана.

Карарчу хенахь дIахьош ду доха гергадаханчу цIеношкара бахархой керлачу хIусамашка дIакхалхоран керла программа кечйар.

Цуьнца билгалдеш ду ширделла 664 цIа дохор, царна чохь Iийначу 22,45 эзар стагана керла хIусамаш йалар.

Цхьа а шеко йац оцу мехалчу декхарца а гIишлошйаран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерство кхиамца ларориг хиларан.

Д.АНАДЕВ
№5, кхолламан (январь) беттан 22-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: