Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачарца доьзна Курчалой гIалахь схьайиллина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин пачхьалкхан мемориальни музей.

Цу чохь вовшах а тухур йу, Iалаш а йийр йу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахарца йоьзна йолу хIуманаш, тептарш, документаш, кхийерг.
Музей схьайоьллучу даздаршка йеза хьаша санна кхайкхина йара Нохчийн Республикин Культурин министр Кадырова Iайшат.
Иштта, цигахь дакъалоцуш вара Курчалойн муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхо Ирасханов Асланбек.
Музейхь, хьалха хиллачу суьртехь йина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас болх бина, мехала сацамаш тIеэцна кабинет.
Кхузахь 583 хIума йу Ахьмад-Хьаьжин дахарца а, балхаца а йоьзна хилла йолу.
«Къоман культуро а, дешаро а мехала маьIна лелийра Нохчийчоьнан пачхьалкхалла кхиорехь а, чIагIйарехь а, нохчийн халкъан истори йовзийтарехь а. Иштта, оцу декъехь мехала гIуллакх ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин пачхьалкхан мемориальни музей схьайеллар», – элира Ирасханов Асланбека.
Цо циггахь Кадырова Iайшатана Курчалойн муниципальни кIоштан сийлаллин йахархо дипломца совгIат дира.
№5, кхолламан (январь) беттан 22-гӀа де