Цхьа-ши дош…

Iамаркан Iедало чIагIдо «Аль-Каида» боламан Йеменехь волу тхьамда хIокху деношкахь хIаллаквина хилар.

                               ***

Шемарчу курдийн гIаттамхоша Хонкаран дозанна уллехь йолчу цхьана гIалара лаьхкина «Иблисан пачхьалкх» гIеранера зуламхой. Уьш бевдда, цхьаццанхьа къайлабевлла. Дийцарехь, цхьаберш Хонкара кхаьчна.

                               ***

Мисаран экс-президентана Мухьаммад Мурсина вен кхиэл кхайкхийна. Цунна резахилла мехкан лакхара муфти. ООН-н генеральни секретара Мисаран паччахье кхайкхам бина вен кхиэл яр юкъара дIадаккхар доьхуш.

                               ***

Къилба Корейхь MERS коронавирусах 19 стаг кхелхина. Мехкан Iедало 45 миллион доллар делла оцу цамгарна дуьхьал къийсам дIабахьийта.

                               ***

Дуьненна а вевзаш волчу миллиардера Дональд Трампа дIахьедина ша шен кандидатура США-н президентан харжамашна юкъаяхийтина хилар.

                               ***

Туннисехь вовшахкхетта цIерпошт а, киралелон машен а. Оцу некъан-транспортан бохамехь 17 стаг кхелхина. Лазийнарш кхин а алсам бу.

                               ***

Молдовин правительство ерриге а отставке яхана, правительствон председательх масал а эцна. ХIинца керла правительство харжа дезар ду мехкан Президентан а, Парламентан а.

                               ***

Москвахь Россин Президент Путин Владимир цхьаьнакхийтира Финляндин Президентаца Саули Ниинистёца. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан экономикин зIенаш чIагIъяран гIуллакхаш а, Украинера хьал а.

                               ***

Украинин Iедалан эскарш Донецкана а, Луганскана а тIеман техника тIеузуш ду. Стомара маьршачу кхаа стагана чевнаш хилла цара герзаш деттар бахьана долуш.                  

                               ***

В.Путина дакъа а лецира, къамел а дира Москвана уллерчу Кубинкехь тIеман-техникин Форум-гайтам схьабоьллучохь. Цигахь дакъалоцуш бара 70 сов пачхьалкхан векалш.

                               ***

Россин премьер-министра Д.Медведевс дIахьедира ГIирмехь сотови зIено болх баран гIуллакх ша шен тидамехь латториг хилар.

                               ***

Бакухь дIахьош долчу Европин ловзаршкахь дакъалоцучу командашна юкъахь уггаре а дукха мидалш яьхна Россин вовшахтоьхначу командин декъашхоша.

№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: