Йеменера хьал карзахдаларан хьокъехь шена хетарг а дуьйцуш, леррина дIахьедар дина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Телеграмехь йолчу шен официальни каналехь довзуьйтуш ду и дIахьедар. Цу тIехь боху: «Герггарчу Малхбалера сингаттаме хаамаш бу кхочуш. Сийсара хуситаша Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн а, СаIудийн Аравийн а махкашка баллистикин ракеташ а, пилот воцуш тIома лелачу аппараташца ракеташ а тоьхна бохуш дуьйцу. Ирсана, бохамийн йаккхий тIаьхьенаш йоцуш дирзина иза. Амма хуситаша цул хьалха динчу тIелатаро зенаш дина мехкадаьттан-газан объекташна, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн (IЦЭ) пачхьенерчу – Абу-Даберчу нах бехачу кIошташна. Маьршачу нахана йукъахь кхелхинарш а, чевнаш хилларш а бу».
Кадыров Рамзана билгалдаьккхина цу тайппанчу гIуллакхаша СаIудийн Арави коьртехь йолчу коалицин цунна дуьхьал луьра жоп даларна питана тосуш хилар. Р.Кадыровс йемал дира хуситаша дина зулам.
«Шайн тIелатарца хуситаша йоккха новкъарло йо дуккха а шерашка йахйелла Йеменера кризис машарца йерзорна, гIо до регионехь къийсам карзахбаккхарна. Оха сацам боллуш йемалдо хуситаша динарг. Цара шайн Iалашоне лаьцнарг Герггарчу Малхбалера уггаре а маьршачарах, беркатечех цхьа пачхьалкх – IЦЭ йу», – чIагIдина цуо.
Iаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ а, СаIудийн Арави а, церан куьйгалхой а къовсам маслаIатца берзо лууш бу.
«Абу-Дабин тIаьхьенан эла (принц), IЦЭ герзашца кечбинчу ницкъийн Лаккхарчу коьртабуьйранчин заместитель, сан хьомсара воккхах волу ваша Шайх Мухьаммад бен Зайед Аль Нахайан даима а ву регионехь машар а, синтем а хила лууш. Изза ала мегар ду СаIудийн Аравин куьйгаллин хьокъехь а. Церан гIуллакхаш тIехьовсийна ду «Концепци – 2030» кхочушйарна. Цуьнца билгалдеш ду пачхьалкхан могашалла Iалашйар, дешар, инфраструктура, рекреацин дакъа, туризм кхиор», – билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.
Цо дийцарехь, дуьненайукъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь бусалба пачхьалкхаш Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташна а, СаIудийн Аравина а гуонаха цхьаьнакхета йезаш йара, оцу пачхьалкхаша маьрша кхиаран некъ йуьхьарлаца безара.
«Хуситаш шайн лулахойх Iама безара шен халкъан аьттонехьа къийсам дIа муха бахьа беза, йуккъерчу бIешерашкахь санна тIемаш а ца беш. Оцу тIемаша пайданал дукха зенаш до», – боху дIахьедарехь.
Д.ПАШАЕВ
№6, кхолламан (январь) беттан 26-гӀа де