Бахархоша къайлаха болх бар лахдан дагахь йу Россин Правительство

Россехь бахархоша къайлаха болх бар лахдаран план чӀагӀйина Къинхьегаман рынок меттахӀотторехула йолчу белхан тобано. И план 2022–2024-чуй шерашна лерина йу. Россин вице-премьеран Голикова Татьянин секретариатана тӀе а тийжаш, оцу хьокъехь хаам бинарг ТАСС йу.

«Россин Президентан тӀедилларца Минтрудо кечйина план белхан тобанан кхеташонехь чӀагӀйина», – билгалдаьккхина секретариатехь.

Лакхахь билгал ма-даккхара, и план 2022–2024-чуй шерашна лерина йу.

«ТӀеэцначу сацамашца нийса а догӀуш, регионашна болу Ӏалашонан гайтамаш а, методикин магораш а 2022-чу шеран кхолламан (январь) баттахь чӀагӀдан билгалдеш ду. Къайлаха болх барца къийсам латторан регионийн планаш кечйар а, чӀагӀйар а 2022-чу шеран йуьххьехь дӀадахьа билгалдеш ду», – элира секретариатехь.

Хаамехь билгалдоккхуш ду ведомствошна йукъарчу белхан тобанан дакъалацархоша чиллин (февраль) беттахь дуьйна регионийн белхийн планашка хьажар дӀадолор ду, 2021-чу шарахь белхазалла лахйаран алапашца уьш йуста а йустуш.

«Къайлаха болх бар» кхетам билгалбаккхаран законан проект кечйина хила йезаш йу 2022-чу шеран хьалхара ахшо чекхдалале. Проекта тӀехь къахьоьгур ду Генеральни прокуратуро, МВД-с, Къинхьегаман министерствос, Федеральни налогови службо, Рострудо, регионаша, федеральни округийн векалша, социальни белхахоша», – тӀетуьйхира секретариатехь.

А.КАНТАЕВ
№6, кхолламан (январь) беттан 26-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: