2030-гIа шо тIекхачале Нохчийн Республикехь 4,5 миллион квадратан метр долахьчу хIусамийн гIишлош йийр йу. Шайн ведомствон куьйгалхой а, говзанчаш а, белхахой а оцу ойланехь хилар хоуьйтуш хаам бина хIокху деношкахь Нохчийчоьнан гIишлошйаран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствехь.

«Регионехь хIусамаш йар сихха кхуьур ду аьлла хеташ ду тхо. Иза иштта хилийтаран декъехь деш дуккха а гIуллакхаш ду. Уггаре а хьалха къамел ду долахь хIусамийн гIишлошйар кхиоран а, алсамдаккхаран а хьокъехь. ХIусамийн гIишлошйарехь и дакъа кхечарал алсам ду. Регионехь хIора шарахь йеш йолчу хIусамех 80 процент сов долахьчу хIусамийн гIишлош йу. Карарчу хенахь долахьчу хIусамашна гIишлошйан бахархойн дола дIаделла 90 эзар лаьттан дакъа. Царна, пачхьалкхан программийн гурашкахь инфраструктурица кхачо йо. Цу тайппанчу гIуллакхаша таро лур йу 2030-гIа шо чекхдалале регионехь къитIе а йеш йолчу хIусамийн барам лаххара а 4,5 миллион квадратан метре дIакхачо. Планаца билгалбаьккхина барам бу иза», – дийцина ведомствехь.
Иштта, билгалдоккхуш ду оцу декъехь йолу планаш, цу йукъахь къоман проекташ а йолуш, кхочушйар Россин гIишлошйаран министерствоца эвсаре цхьаьна гIуллакхаш дарца дIахьош хилар. Оцу балхо беркате тIаьхье ло.
Тидам тIебахийта беза тIаьхьарчу ткъа шарахь Нохчийн Республикера хIусамийн фонд пхоьазза алсамйаьлла хиларна. Цуьнан барам 6,0 миллион квадратан метре дIа а кхачош. Иза баккъал а боккха кхиам бу. Делахь а, цу тIехь саца ойла йолуш бац республикера гIишлошйархой а, церан куьйгалхой а. Цунна тоьшалла ду вайн гIаланашкахь а, йарташкахь а йа Iай а, йа аьхка а гIишлошйаран белхан боларш лахлуш цахилар. ДIахьаьжначохь гуш йу йеш йолу керла хIусамаш. Уьш дIалуш йу цаьрга хьашт-дезар долчарна.
Иштта, 2021-чу шарахь керла хIусамаш йелла доха гергадаханчу цIенош чуьра дIакхалхийначу 3,5 эзар стагана. Дукхапетарш йолчу цIеношкахь царна йелла хIусамаш кхузаманан берриге а лехамашна жоп луш а, аьхна а, бегIийлаш йолуш а йу.
Д.АНАДЕВ
№6, кхолламан (январь) беттан 26-гӀа де