Дешархошна говзалла харжа Iамадо

Теркан кIоштарчу Iелин-Йуьртарчу №1 йолчу школин 9-чу классан дешархошца «Дахарера цхьа де» дарс дIадаьхьира оцу классан куьйгалхочо Голтакова Хедас.

«ХIокху заманан школа» федеральни программин гурашкахь къоман «Дешар» проект кхочушйаран Iалашонца вовшахтоьхнера дарс.

Хууш ма-хиллара, хIокху заманан дешаро дешархочунна таро ло шен дукхайезайелла йа шен хааршна герга йолу говзалла хьалххе билгалйаьккха.

«Говзалла нийса муха харжа йеза? Говзалла харжарехь гIалат ца вала хIун дан деза? Вузе деша вахале хьалха дешаран Iалашо муха хила йеза? Вуз чекхйаьккхича ас болх муха бийр бу?» хаттаршна жоьпаш мичахь каро деза?» — иштта хаттарш дара оцу дарсехь дешархошна хьалхахIиттийна. Масех муьрах лаьтташ ловзарш дара дарсехь дIахьош.

Цул сов, дешархоша тесташ а йира, хIетал-металшна, ребусашна жоьпаш а делира. Дарсехь йовзийтира дешархошна йуй ца хууш йолу вайна йукъара говзаллаш. Царна дуьххьара хезаш дара «френологи», «обсерщик», «титестер» боху дешнаш, говзаллаш-м йуьйцур а йацара.

Голтакова Хедас дика кечам бинера, дуьххьара хезачух дешархойн дуккха а хаттарш хир дуйла а хууш.

– Френологи – иза адаман хьен барамехь цуьнан хьекъал, интеллект йустар ду. Корта боккха хилча хьекъал алсам хуьлу бохучух талламаш дIабахьар ду. «Обсерщикан» говзалла сирникаш йечу заводехь мехаллачех а, жоьпаллечух а цхьа говзалла йу. Обсерщико сирникашна тIе саьнгал хьокху. Ткъа «титестер» – иза ингалсан маттера схьадаьлла дош ду: «теа – чай» ду, «тест – чам баккхар». Чайнаш дуьйш-лелош, йохк-эцар лелош болчу нахана оьшуш бу шайн говзалла дика йевзаш болу титестерш. Цо хIора а чайнан тайпанан чам боккху, дика муьлхарниг ду а хьожу. Хьаьнг-хьаьнгахь а ца хуьлу чайнаш вовшах къасто хууш йолу корматалла. Иза тидам беш а, хIуманан дика хьожа а, чам а хууш хила веза, – дийцира Хедас.

Хьехархочо билгалдаьккхира говзалла хоржучу хенахь и говзалла баккъал а хьайн лаамца хоржуш йу-йац а, цо хьуна синтем лур бу-бац а хьажа везаш хилар, хIунда аьлча, говзалла цхьана денна хоржуш йац.

Иза дуьненан рицкъ даккха а, нахана пайда бан а хоржуш йу, цул сов, синан паргIатонца хила йезаш а йу.

Дарсан коьрта дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа дешархошка шайна йевзинчу говзаллийн мах хадабайтира.

Дешархоша динчу жамIашца билгалдолуш дара тахана мехала йерриге а говзаллаш йелахь а, хIораннан а шен хьежам а, сатийсам а хилар.

Цо гойтура дарсан коьртачу Iалашоне кхаьчна хилар.

ВЕГИЕВА Макка
№6, кхолламан (январь) беттан 26-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: