Паччахьан эскаршца, денна бохург санна, тIеман тасадаларш деш хуьлуш дIадоьдуш дара 1807-гIа шо. Коьртачу декъана лаьмнашца йолчу нохчийн йарташкара вайн майра бIаьхой бара халкъан маршонехьа, мехкан паргIатонехьа къийсам дIахьош. Ишттачу цхьана бIона йукъахь вара бенойн Солтамурдан да Солумгири.

Инарла Булгаковс куьйгалла дечу оьрсийн эскарца луьра тIом а бина, Шина-Суьйра йуккъера цIа догIуш долу бенойн кIентийн эскар ломан кIажахь сецира.
Цхьана а хьолехь дог-ойла йухуш боцу уьш боьлуш, вовшашца забарш йеш, вовшийн хьийзош Iара, Хан-ГIалахь тIамехь хилла беламе хIуманаш дагалоьцуш. Даима санна къовлавелла Iаш веккъа цхьа Солумгири вара. Ойланашка ваьллачу цунна маракхийтира бIаьхошна тIевеана хилла некъахо.
– Солумгири! Кхаъ бу хьоьгара! КIант вина хьуна!
Шега и кхаъ баьккхича, шен гIодайуккъера схьайаьккхина, тапча йожийра (кхоьссира) цо. ТIаккха иза совгIатана дIейелира шега кхаъ баьккхинчунна.
Шен дуьххьарлерчу доьзалхочунна – кIантана Солтамурд цIе тиллира цуо.
Солумгири тоъал хьал-бахам болуш стаг вара. Цуьнан масех сту а, йухуш лелош ши говр а, гIеххьа ши жа а дара Бенахь а, БIачи-Йуьртана йуххехь а йолчу меттехь.
Солумгирин доьзалехь 3 кIант, 4 йоI дара. Солтамурд воккхаха верг вара. Цул кхо шо жима вара Муна, йалх шо жима вара Ханмурд.
Солтамурд шен амалца а, леларца а дех тера вара. Доьзалерчу берех воккхаха верг хиларе терра, иза дукха хьалхе гIо дан волавелира шен дена. Цуо Iуналла дора шен вежарийн а, йижарийн а.
Шена халахетар дича ловш вацара. Латар лоьхуш ца хиллехь а, летачу даьлча, чIогIа леташ вара, къар ца луш, йуха ца волуш, майра. Цхьаьнгга а эшалуш воцчу кIентан сий-ларам бара нийсархошлахь.
Цуьнан кхойтта шо кхаьчча, бенойн бIо нохчийн кхечу бIонашца цхьаьна гуьржийн дозанехула Нохчийчу даьхкинчу Россин паччахьан эскаршна дуьхьал тIом бан даха даьлча, Солтамурд вайн бIаьхойх дIакхета гIоьртира.
Делахь а, бIаьхоша, «хьо хIинца а жима ву» аьлла, шайца ца вигира иза. Амма кIант, лечкъина, царал хьалха дIавахара — бIо йуьртана дикка генабаьлча, царна дуьхьал велира. БIаьхойн иза шайца вита дийзира.
Паччахьан эскарца хиллачу тIамехь, белшах тоьпан дIаьндарг кхетта, чов хилира Солтамурдана. Делахь а, кхераме йацара шен дахарехь дуьххьара тIамехь дакъалаьцначу кIантана хилла чов.
Шен 19 шо кхаьчча зуда йалийра Солтамурда. Цуьнан кхо кIант хилира – Туьршил, Демилха, ТIема.
Доьзалан хьашташа нохчийн халкъан маршонехьа болчу къийсамна йукъара ца ваьккхира иза. Шен вежаршца Муница а, Ханмурдаца а цхьаьна Солтамурда дакъалецира Ермоловн эскаршна дуьхьал дIабаьхьначу тIемашкахь. Кхечу беношца цхьаьна цо тIемаш бира Гермачигарчу Авко а, Мухьаммад а цIераш йолчу имамийн байракхашна кIел волуш.
Оьрсийн а, нохчийн а йукъаметтигашкахь цхьана йукъана машар хилира. Амма иза боккхачу тIамал хьалха хIоьттина тийналла хиллера. 1828-чу шарахь, коьртехь имам ГIеза-Мухьаммад а волуш, паргIатонехьа болам дIаболабелира.
ЖIайхойн ГIимри йуьртара вара имам. 1830-чу шеран бIаьст а оцу боламан цIе хьаьрчира Нохчийчоьнах а.
ГIеза-Мухьаммад шен хьехамчашца, Iеламнахаца беной бехачу йарташка вогIура. Уьш цунна тIаьхьа хIиттира. Нохчийчохь имаман гIортор хилла дIахIоьттира Бена.
Луьра тIом бара паччахьан эскаршца беш. Цхьаьна дог-ойланца цхьаьнакхеттачу нохчаша а, дагестанхоша а даккхий зенаш дора оьрсийн эскаршна. Дукха эшамаш хуьлура царна. Нохчаша церан чIагIонаш схьайохура.
1831-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 1-чу дийнахь ГIеза-Мухьаммадан дошлой ГIизлара чулилхира, цхьаццанхьа цIераш туьйсуш. Муридийн хьалхарчу могIаршкахь вара Солтамурд.
1832-чу шеран бIаьста Гуьмсана йуххехь дошлойн эскарца хиллачу тIамехь нохчаша хIаллакйина дIайаьккхира Гребенски гIалагIазкхийн дошлойн полк.
ГIеза-Мухьаммадан омранца БойсгIара а, Солтамурда а йоккха ши топ Бена дIайаьхьира. Паччахьан эскарера схьайаьккхина йара и шиъ.
1832-чу шеран аьхка а, гурахь а инарлин Розенан эскарш Нохчийчухула чекхдевлира маьрша нах бойъуш, цIенош дагош. Цуьнан эскарца луьра тIом бинчул тIаьхьа, беной хьаннашка йухабовла безаш хилира. Инарлин эскарша Бена йагийра, кхийолу йарташ санна.
Имам ГIеза-Мухьаммадна тIаьхьадевлла Дагестанан лаьмнашка дIадахара паччахьан эскарш.
1832-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 17-чу дийнахь имаман тIаьххьара чIагIо – ГIимри йурт схьайаьккхира. Цигахь турпалаллица Iожалла тIеийцира имама. Йеза чевнаш хилла волчу Шемалан аьтто белира гонна йукъара вала.
1833-чу шеран кхолламан (январь) баттахь ГоцIатIл йуьртахь Дагестанан имам дIакхайкхийра Хьамзат-Бек. ГIеза-Мухьаммадан шолгIа бIанакъост – Эндерера Ташу-Хьаьжа 1834-чу шарахь Нохчийчу схьавеара.
Бена схьакхаьчча, Солтамурдан да Солумгири волчохь сецира иза. Цаьршинна йукъахь чIогIа доттагIалла тасаделира. Бенарчу бахархоша хьокъала боллу мах хадийра шайхан Ташу-Хьаьжин Iилманан, хьекъалан, ийманан, майраллин.
Дукха хан йалале шайхана Ташу-Хьаьжина (шайх Мухьаммада – ал-ЯрагIин мутаIеламна) дуккха а нах тIаьхьа хIиттира, цуьнан муридаш хилира Нохчмахкара нохчий.
Солумгирис а, цуьнан кIенташа а боккха ницкъ тIебохуьйтура Ташу-Хьаьжин тIедахкарш кхочушдарна.
1834-чу шеран хьаьттан (август) баттахь дуьйна паччахьан тIеман командованис тидам тIебахийта болийра Ташу-Хьаьжас лелочунна. Ткъа иза шен Iаткъам Нохчийчохь тIеттIа алсам баржош вара.
1834-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 19-чу дийнахь чIирхочо вийра Дагестанан имам Хьамзат-Бек. Масех де даьлча, ГоцIатIл йуьртахь Дагестанан имам хаьржира Шемал.
1835-чу шеран асаран (июнь) беттан 12–15-чуй деношкахь Орга хин йистехь тIом хилира подполковникан Пуллон а, Нохчийчоьнан имаман Ташу-Хьаьжин а эскарийн.
Солтамурд, кхечу беношца цхьаьна даима а Ташу-Хьаьжина йуххехь хуьлуш вара. Оццу шарахь Ташу-Хьаьжас Шемал имам хилар къобалдира, иза Нохчийчохь цуьнан наиб хилира.
1836-чу шеран чиллин (февраль) баттахь дуьйна Солтамурд, Ташу-Хьаьжин бIонца цхьаьна дакъалоцуш вара Дагестанан лаьмнашкахь нах Шемална муьтIахь барехь. Цигара дуккха а йарташ шен куьйгалли кIела йалийра Шемала.
1836-чу шеран хьаьттан (август) беттан 20-чу деношкахь инарла Пулло шен эскарца сихха Зандакъа кхечира. Цигахь тIом хиллачул тIаьхьа йагийра йурт.
ГIо доьхуш орца даьккхича, зандакъошна орцах баьхкира луларчу йарташкара гIаттамхой. Ташу-Хьаьжа коьртехь а волуш, цига кхаьчначу беноша а, кхечу йарташкарчу бахархоша а паччахьан эскар, тоьхна-тоьхна, цигара йухадаьккхира.
1837-чу шеран чиллин (февраль) беттан чаккхенехь а, бекарг (март) беттан йуьххьехь а паччахьан эскарша йуха а дIадолийра Нохчмахкарчу йарташна тIелетар.
Бекарг беттан 1-чу дийнахь Iалара йуьрта йисттехь тIом хилира Ташу-Хьаьжин бIанакъостан Уди-Моллин а, инарла Фезин а эксарийн. Инарла Фези Нохчийчуьра Дагестане вахара, Шемална дуьхьал тIом бан. Оцу шеран мангал (июль) беттан 7-чу дийнахь ТIилитIли йуьрта йистехь Шемала Фезица машар бира. Амма машар бах ца белира. Хьаьттан (август) баттахь йуха а тIом хилира.
1837-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 7-чу дийнахь Тифлисе веара паччахь Николай Хьалхарниг. Оьрсийн паччахь Кавказе веача олаллин къепе хIоттор кхин а йоккхачу кхизаллица дIахьур ду аьлла хеташ бара нах. Иштта хила а хилира… Лахьанан (ноябрь) баттахь Кавказан Къаьсттинчу корпусан командир хIоттийначу инарла Головина, паччахьан омранца дIадолийра Нохчийчохь паччахьан урхалла дIахIоттор.
1838-чу шарахь Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а бусалбанашка вуон деара. Кхелхира Мухьаммад – ал-ЯрагIи. Ткъа 1839-чу шарахь аренца бехаш болчу нохчашна йукъахь чIогIа резадацар дара кхоллалуш, паччахьан урхалла йукъадалорца доьзна.
Шайн наиба Ташу-Хьаьжас тIедилларца Солтамурд а, БойсгIар а, кхиберш а Нохчийчоьнан йарташка бахара адамаш гIазоте кхойкхуш.
Бенан тхьамданца БойсгIарца хьалха дуьйна а доттагIаллин зIенаш йолуш вара Солтамурд. БойсгIаран йоI МацIа йара Солтамурдан вешехь Мунехь.
Муна, дийцарехь, чIогIа майра бIаьхо а, ницкъ болуш, онда стаг а вара. Паччахьан эскаршца хиллачу тасадаларшкахь 12-зза чов йина вара иза. Цуьнан дуьххьарлера зуда, цомгаш хилла, кхелхинера. БойсгIаран йоI Мунас 40-чу шерийн йуьххьехь йалийнера. Иза йалайале хьалха цо шегара доккха хьуьнар гайтинера бохуш дуьйцура.
Энгана-дукъахь туп тоьхна сецна хилла Бена догIуш долу паччахьан эскарш. Мунас, тебна, полковникан кIайчу четара тIе а вахана, цунах цIе тесна. Паччахьан эскаран полковник цу чуьра араиккхича, Мунас тапча тоьхна цунна. Йуха, керчина басах чувеана, паччахьан эскаран бIаьхоша тIаьхьа герз а детташ. Амма церан герзаша доккха зен ца дина цунна. Масех йайн чов а хуьлуш, хьуьна йуккъе а иккхина, кIелхьараваьлла иза. Цул тIаьхьа йалийна Мунас БойсгIаран йоI.
МацIа кхелхина 1862-чу шарахь. Цо кхо кIант вина – Гарда, Гарби, Джаби, цхьа йоI йина – Забанат.
Солтамурд Бенахь БойсгIар санна сий-ларам болуш хилла. Дуьйцура, Бенахь наиб хIотто везачу хенахь, Солтамурда БойсагIаре и дарж шена тIеэцахьара аьлл, дехар дина хиллера бохуш. Цул гIолехь верг шена а, кхечарна а гуш вац аьлла цо. ТIаккха БойсгIара наиб хIоттар Солтамурде дехна. Иза реза ца хилла. Цо ша Шемалх башха тешаш а вац аьлла.
«Хьуо тешаш воцчу стеган наиб хила боху ахь соьга?», – аьлла, и къамел забаре даьккхина БойсгIара. Оцу дарже цхьа а ца хIоьттина хIетахь.
Йерриге а йукъараллашкахь а, округашкахь а наибаш хIиттийнера. Йеккъа цхьа Бена йара наиб воцуш. Цундела йерриге а йарташкарчу сий-ларамечу наха шаьш бенойн тхьамданашна реза цахилар хоуьйтура. И бахьанехь Солтамурда бенойн гулам бира. Цигахь цо наиб БойсгIар харжа веза элира. Маьждигехь вовшахкхеттачу адамех дагаволуш Солтамурда иштта элира: – Мухха делахь а, нохчаша Шемал имам хаьржина. Йерриге а йарташкахь хIинцале наибаш хаьржина, вайн цхьа йурт йу наиб воцуш. Оха, дага а девлла, сацам бина БойсгIар наиб харжа. Дика хир дара цу хьокъехь шайна хетарг массара а аьлча.
Адамаша цуо бохург къобалдира. ТIаккха бенойн делегаци, Шемал волчу, ДаьргIа йаха новкъайелира, цуьнга бенойн наиб Баьршкъин кIант БойсгIар, цуьнан гIоьнча Солумгирин кIант Солтамурд хIоттор деха.
ХIетахь дуьйна, кхин хийца а ца луш, Бенан наиб лаьттира БойсгIар, ткъа Солтамурд – мазун.
Адамаш галдевлла ца хиллера шайн куьйгалхой харжарехь. Берриге а наибаша санна БойсгIара а, Солтамурда а тоба дира Шемална тешаме хила.
Солтамурд бенойн йартийн а, кIотарийн а чоьхьара дахар дIанисдеш, адамаш низаме кхойкхуш, гIаттамхошна герзашца кхачойеш, наибан омранаш кхочушдойтуш, шарIан бехкамаш ларбойтуш гIуллакхаш деш вара.
Имаман дерриге а дIадолорашкахь шаьш-шайн ца кхоош дакъалоцуш бара беной. Маршонан дуьхьа, ойла ца йеш, шайн дахар дIалора цара. Бенара бахархой тIеман уггаре а кхерамечу меттигашкахь хуьлуш бара. Шайна йа совгIаташ а, йа хьал-бахам а ца боьхуш, тIамехь оьгура уьш. Шемалан эскаре шайн тоьлла бIаьхой дIалора цара, шайна хуьлуш йолчу халонашна, хуьлуш болчу эшамашна собаре а хуьлуш. Шаьш, имаман муридашка гIо ца доьхуш, шайн йарташ ларйора паччахьан эскарех.
1840-чу шарахь Шемала Аухан наибан даржера йуха а дIаваьккхира шайх Ташу-Хьаьжа. Солтамурд, дуккха а кхиболу беной санна, Ташу-Хьаьжа дукха везаш а, ойла цунах хьерчаш а вара. Цунна кест-кеста хезара Шемална резавоцуш эвлайаа дуьйцуш дерг.
Шемал, жим-жима веш, Ташу-Хьаьжа шех хервеш вара. Дукхахболчарна хетарехь, Шемал кхоьрура цо шеца имамалла къовсарна.
Оцу шеран гурахь Аухан наиб хIоттийра Булат-Мирза. Шемале боккха сий-ларам хиларе хьаьжна ца Iаш, Ташу-Хьаьжа наибан даржера дIаваккхарна чIогIа реза цахилира дукхахболу нохчий. Цхьанна тIаьххье кхин а йоьдуш, дукха тобанаш ихира имамана тIе, Шемалний, Ташу-Хьаьжиний йукъахь маслаIат дан лууш.
Ишттачу тобанашна йукъахь вара Солтамурд а, БойсгIар а, церан доттагIий – ЦIоьнтарара ШоIайп-Молла а, Симсара ГIеза-Хьаьжа а, кхиберш а.
ТIемашца а, пачхьалкхан гIуллакхашца а доьзна имама дахдира Ташу-Хьаьжица маслаIат дар. Делахь а, халкъо Iаткъам бар бахьанехь, эххар а, шайхаца маслаIат дан дийзира имаман. Цул тIаьхьа кхин гал ца йелира цушиннан йукъаметтиг.
1842-чу шеран хIутосург (май) баттахь Жимачу Нохчийчоьнан наиб Махьама Ахверди а, Шемал а коьртехь а волуш, нохчийн 500 дошло (Казы-Кумых) ГIаз-ГIумкичу вахара.
Имам дIавахарх пайда а эцна, Нохчийчу гIоьртира инарла Граббен эскарш. ХIутосург бутт чекхболучу хенахь Нохчмахкахь цIейаххана болу тIом хилира, оцу тIамехь инарла Граббен эскар хIаллакдира.
Оцу тIамехь доккха маьIна лелийра БойсгIар а, Солтамурд а коьртехь хиллачу бенойн бIаьхоша. Паччахьан эскаран салташца чуччавахана луьра тIом бечу хенахь йеза чевнаш хилира Солтамурдана а, цуьнан вешина Мунина а. Делахь а, мостагIа эшийра, иза эккхийра. Цундела цхьа а хIума дацара толаман самукъа кхоло.
1843-чу шарахь кхелхира Ташу-Хьаьжа. Иза Сесанахь дIавоьллира. Оццу шарахь кхелхира Солтамурдан да Солумгири. И бохамаш ца лерича, кхиаме деара 1843-гIа шо Шемалан эскарна.
Паччахьан эскарех паргIатдаьккхира Нохчийчоьнан а, Дагестанан а мехкийн доккхаха долу дакъа, хIаллакйира церан дукхахйолу чIагIонаш, йийсаре бира дуккха а салтий, эпсарш. Йоккха хIонц йаьккхира.
Хожаев Долхан, историк
Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ
№6, кхолламан (январь) беттан 26-гӀа де