БисмиллахIиррохьманиррохьийм!
Хьомсара вежарий, йижарий!
Берриге а бусалбанаш даггара декъалбо ас сийлахь Рамадан бутт дIаболабаларца!
Берриге а бусалбанашна сийлахь а, беза а болчу хIокху шахIру Рамадан батте юха а дахарна дог-ойла чIогIа гIаьттина, даккхийдеш, самукъдаьлла ду вай. Веза-Воккхачу АллахIана хастамбеш ду вайн марханаш кхаба, дика Iамалш ян аьтто барна.
ХIара бутт вайн ийман зуьйш, вайн ойланаш, нийяташ цIандеш, вайн гIуллакхаш тодеш бутт бу. Вайн къиношна дохко довла, вайн къиношна гечдайта, Дела реза хинволу Iамал-Iибадат дан уггаре а тоьлла хан ю хIара.
Рамадан – иза вайна Веза а, Лекха а волчу АллахIа дина совгIат ду вай кхин а дика, гIиллакхе, кIеда-мерза хилийта.
ХIокху сийлахьчу Рамадан баттахь вай АллахIе доьхур ду Нохчийн Республикехь а, ерриге а Россехь а машар, токхо хилийтар, вайн дика нийяташ кхочушхилийтар, вайн гергарнаш, бевза-безарш могаш хилийтар, церан дахар беркате, зовкхе, ирсе хилийтар.
Сийлахьчу Рамадан баттахь вай дина Iибадат Дала къобалдойла! Дала жоп лойла вайн дикачу доIанашна! ХIокху Рамадан беттан фарз марханаш кхаба ма-деззара кхаба Везачу АллахIа ийман, могашалла, собар лойла берриге а бусалбанашна.
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо