ЦӀейайъархойн рогIера Ӏамораш

России МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхалло Соьлжа-ГӀалин Ахьмадан кӀоштарчу «Рассвет» цӀе йолчу берийн бешахь цӀейаларан бохамах лардала Ӏаморан а, иштта, МЧС-н цӀейайъаран-кӀелхьарадахаран белхахойн корматалла лакхайаккхаран а Ӏалашонца Ӏамораш дӀадаьхьира.

Ӏамораш дIадуьйладелира хаамийн системо цӀе йаьлла аьлла, хаам барца. Дукха хан йалале, цIейайъаран-кIелхьарадахаран 1-чу декъан цӀейайъархой схьакхечира.

Царна хьалха хӀоттийна ши Ӏалашо йара: бохамехь лазийна стаг, гӀишло чохь велахь, чуьра араваккхар, цул тӀаьхьа цӀе дӀайайъар. ЦӀейайъархоша, уггаре а хьалха, «цӀе йаьллачу меттигехь» долу хьал теллира, лазийна йа чов хилла цхьа а вуй хьожуш, лазийнарг, леррина башлакх тиллина, кIелхьара а ваьккхира, тӀаккха, цӀе дӀа а йайъира.

ГӀишло чохь чӀогӀа кӀур болуш санна сурт дара хӀоттийна. И бахьанехь цӀейайъаран-кӀелхьарадахаран белхахоша леррина садаӀар лардеш долу духарш а дуьйхина бора болх.

Ӏамораш дӀахьочу хенахь цӀейайъархоша берийн бешана тӀедогӀучу некъийн хьал а теллира, иштта, цӀейайъаран гӀирс кхачаме буй а хьаьвсира. Цул тӀаьхьа, цӀейаларан бохамах лардала дезаш хиларх лаьцна хьехам бира берийн бешан кхетош-кхиорхошна а, белхахошна а. Царна Iамийра бохам хилча, нийса, кхоччуш, МЧС-н белхахошна сихха, бохам хилла меттиг карор йолчу агIор хаам бан.

Цхьаьнакхетар дерзош, берашна дIасадийкъира цIарах кIелхьарадахаран службин номер (112) тIехь йолу кехаташ. ЦӀейайъархоша шайна тӀедехкина декхарш дуьззана кхочушдира.

А.АБУЕВ
№8, чиллин (февраль) беттан 2-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: