Кхолламан (январь) беттан 25-чу дийнахь А-Хь.Кадыровн цIарахчу Сийлаллин Аллей хӀолламан музейхь Студентийн денна лерина «Студенческая палитра» аьлла гайтам схьабиллира.

Гайтаме даьхна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан изобразительни искусствон факультетан а, Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан а, Нохчийн Пачхьалкхан университетан а суьрташ дахкарехь похӀма хиларца билгалбевллачу студентийн суьрташ.
Даздаран хьолехь гайтам схьабелларехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат Нагаев Ӏаднан а, лакхахь хьахийначу вузийн хьехархой а, царна йукъахь – Нохчийн Республикин хьакъволу суьрташдахкархо Пашаев Абу а, Нохчийн Республикин халкъан суьрташдахкархо Даудова Фатима а, ткъа иштта, студенташ а, дешархой а, суьрташдахкаран искусство езархой а.
Нагаев Ӏаднана билгалдаьккхира нохчийн кегийрхой нохчийн цӀе дуьнен чохь дика йоккхуьйтуш хила безаш хилар. Тахана схьагуш долчу хьолехь кхоллараллин а, дешаран а, Ӏилманан а дакъошкахь похӀма хиларца къаьсташ бу вайн студенташ.
Кхузаманан кегийрхой дика доьшуш а, шайн хаарш тӀедузуш а хила беза.
«Бусалба стаг даима а доьшуш, пайдехь дерг Ӏамош хила веза. Иза вайна Дала а, Мухьаммад Пайхамара а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тӀедиллина ду», – элира Ӏ.Нагаевс.
Нохчийн Республикин хьакъволчу суьрташдахкархочо Пашаев Абус а дира чулацаме къамел.
«Тхо шу санна студенташ хилла ду. Делахь а, тахана, хӀара санна хаза а, сийлахь а йолчу музейхь тхайн суьрташ хир ду аьлла цкъа а дагадогӀур дацара. Ишттачуьнга сатийса а даьхьар дацара. Шун ирс ду деша а, кхиа а аьтто хиларна тӀехь, шун дешар маьршачу муьрехь нисделла хиларна. Тхуна гуш ду шу похӀма долуш хилар. Диснарг – похӀма кхиош, дешарна тӀехь къахьегар ду», – элира Абус.
Билгалдаккха догӀу, гайтаме даьхна суьрташ Нохчийн Республикин хьакъволчу суьрташдахкархочо Пашаев Абус а, Нохчийн Республикин халкъан суьрташдахкархочо Даудова Фатимас а, ткъа иштта, Россин Суьрташдахкархойн союзан декъашхочо Дадаева Сабинас а куьйгалла деш дехкина хилар.
Нохчийн Республикин къоначу суьрташдахкархошна оьшшучу хенахь шен хаарш довзийта, мастерклассаш гайта даима кийча бу уьш.
Суртдилларан говзаллехь натюрморт а, живопись а, декоративни живопись а, этюд а, графика а, жанрашкахь дехкина, дерриге а 60 сурт ду «Студентийн палитра» гайтамехь.
Даймехкан хазаллех, кхузаманах, вайн дахарх лаьцна «дуьйцуш» ду уьш. Цул тIаьхьа цIен аса а хадош схьабиллира гайтам. Лаьа вайн махкахоша а, республикин хьешаша а цунах пайдаоьцийла.
З.ХИЗИРОВА
№8, чиллин (февраль) беттан 2-гӀа де