Х-Б.Дааевс кӀоштийн Дешаран урхаллийн а, дешаран учрежденийн а куьйгалхошца кхеташо дӀайаьхьира

Кху деношкахь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис кӀоштийн Дешаран урхаллийн а, министерствона йукъайогӀучу дешаран учрежденийн а куьйгалхошца кхеташо дӀайаьхьира.

Дешаран дикаллин мах хадоран туьшан директора Бечиев ШахIрудис довзийтира «Ас дӀалур йу ЕГЭ» проектан диагностикин жамӀаш.

Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дӀайаларехь гӀалаташ даха тарлуш долчух лаьцна дуьйцуш хаам бара иза.

Бечиев ШахIрудис довзийира дешархоша «Ас дӀалур йу ПЦЭ» проектаца кечам барехь пайдаоьцуш лелон хьакъйолу алгоритм.

КӀоштийн дешаран урхаллийн а, министерствона йукъайогӀучу дешаран учрежденийн а куьйгалхошка экзамен дӀайаларан керла къепе школийн директоршка дӀакхачор а дийхира.

ХӀора а кӀоштан методикин кабинеташ а, ткъа иштта, тьюторийн командийн белхан хьесапаш дар а къаьсттинчу тидаме эцар тӀедиллина цо.

№8, чиллин (февраль) беттан 2-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: