ЦхьамогӀа нехаш дӀакхуьйсийлаш дӀайохур йу

Нохчийчохь кхочушйечу къоман «Экологи» проектан гурашкахь вайн республикин Iалам лардаран а, цIиндаран а дуьхьа дуккха а гIуллакхаш ду деш.

Царах коьрта ду адамаш дехачу меттигашкара экологин хьал дика хилийтар. Бахархоша шайн хьашташ кхочушдинчул тIаьхьа, нехаш дIакхуьйсу тIаьхьалонан ойла а ца йеш. Магийна доцчу меттигашка нехаш дIакхийсаро доккха зен до. Хин а, хьаннийн а йистошца, йуьйш-лелочу аренашкахь а, йеш йолчу нехийн оьланаша латта а, хиш а, иштта, Iалам а бехдо.

Уггаре а хьалха, хIаваъ талхадо, хӀунда аьлча, йовхачу хенахь вуон хьожа оьху царах. Оцу бахьанашца, къоман «Экологи» проект кхочушйаран гурашкахь, карарчу шарахь, дӀайоккхур йу Гуьмсехь 2010-чу шарахь дуьйна ша-шаха кхоллайелла йолу нехаш дӀакхуьйсийла.

ДӀацӀандина, йуккъерчу барамехь, 5,1 гектар латта йуьртан бахаман хьашташна йухадерзор ду. Иза меттигерчу бахархойн хӀусамашна уллехь хиларо, хӀинццалц цуьнца доьзна хилла халонаш а дIайохур йу.

Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гонахара хьал лардаран министерствон Пачхьалкхан экологин тергонан департаментан директора Занаев Салмана билгалдаьккхира: «Законца магийна доцчу меттигашкара нехийн оьланаш дIайахар атта болх бац. Нехаш дIахьош хилча, уггаре а хьалха, меттиг билгалйаккха йеза. Гонахарчу экологин хьал талхор доцуш, кхераме хир йоцчу метте дIайахьа йеза уьш».

2022–2023-чуй шерашкахь дIайаккха лерина йу кхин 4 йоккха нехаш дIакхуьйсийла. Уьш йу: Соьлжа-ГӀалахь – 3, Курчалойхь – 1. Церан йуккъера барам 50,6 гектар бу.

А.КАНТАЕВ
№8, чиллин (февраль) беттан 2-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: