ХIокху деношкахь белхан гIуллакхашца доьзна Нохчийн Республикехь хилира Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн бизнесан векалийн делегаци.

Делегацина коьртехь йара доктор Шафикъа Iида Аль Iамери. Иза Абу-Дабин гIуллакхаллин зударийн Кхеташонан кхочушдаран директор а, Iаьрбийн кегийрхойн Кхеташонан генеральни секретарь а йу.
Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн бизнесан векалш Нохчийчу баьхкинера вайн республикерчу хьашташкхочушдархойн а, товараш арахецархойн а мел, хIун таронаш йу хьовсаран Iалашонца.
Вайн регионан экономикин таронашка хьовсуш, Iаьрбийн махкара баьхкинчу говзанчийн цхьамогIа цхьаьнакхетарш хилира Нохчийн Республикин Правительствон векалшца.
Оцу цхьаьнакхетаршкахь дийцаре дира гIишлошйарехь, махлелорехь, туризмехь, дешарехь, ткъа иштта, цхьамогIа кхечу дакъошкахь цхьаьна болх баран гIуллакхаш.
Шина а агIоно дIахаийтира вовшашца йолу зIенаш чIагIйаре а, шорйаре а шаьш хьашто йолуш хилар, оцу дакъошкахь барташ баран тIаьхье беркате хирг хиларх шаьш тешна хилар.
Билгалдаккха деза Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташа Нохчийн Республикин экономикина инвестицеш жигара йукъайохкуш хилар.
Ша аьлча, оцу пачхьалкхан инвестицийн чоьтах Соьлжа-ГIалахь йина пхиседанан The Local отель. Иштта, карарчу хенахь Нохчийчоьнан пачхьенехь йеш йу Дуьненайукъара университет.
Цул сов, Соьлжа-ГIалахь Шайх Зайедан цIарах йолу фонд а йу болх беш. Цо гIо до вайн республикехь бизнес кхиорна. Оцу бакъдолчара а гойту Нохчийн Республикин а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн а бизнесан векалийн йукъаметтигаша хIинцале а беркате тIаьхье йелла хилар.
И йукъаметтигаш чIагIйар, шеко йоццуш, шина а агIонна чIогIа пайдехь хир ду. Иза билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн куьйгалхошца хьалхуо хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Д.ПАШАЕВ
№8, чиллин (февраль) беттан 2-гӀа де