Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан масех де хьалха цхьаьнакхийтира Россин Пенсионни Фондан Нохчийчохь йолчу отделенин урхалхочуьнца, Шелан кIошт кхиорна тIехь верасалла лелош волчу Ахмадов Мохьмад-Эмица.

Цхьаьнакхетарехь М-Э.Ахмадовс вайн республикин Куьйгалхочунна йовзийтира Шела шахьарахь керла гIишлошйаран йоккха план. Оцу планаца билгалдеш ду дукха гIаьтнаш долу, дукхапетарш йолу цIенош дар, социальни объекташ йар, некъаш дахкар, паркаш, сквераш, бахархошна садаIа кхин меттигаш йар.
Ахмадов Мохьмад-Эмис цхьаьнакхетарехь Кадыров Рамзане аьлла ма-хиллара, Шела гIали йисттехь керла микрорайон йуьллур йу. Билгалдеш ду итт шеран муьрехь оцу микрорайоне гIали йуккъера 500 доьзал дIакхалхо. Лаххара а виъ-пхиъ эзар стаг хуьлу дIакхалхо везаш верг. Цул сов, гIали йуккъера коммерцин цхьайолу объекташ а дехьайохур йу керлачу микрорайоне.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира и йоккха план кхочушйарна тIехь ша терго латториг хилар. Коьрта тидам беш болчу белхийн дикаллина тIебахийта беза бохура республикин Куьйгалхочо. Цо аьлла ма-хиллара, белхан боларш сиха хилар кхачаме хир дац, нагахь санна гIишлошйархоша бечу мехалчу белхийн дикалла лакхара ца хилахь.
Нохчийчоьнан Куьйгалхо тешна ву гIишлошйархойн хьуьнаре къинхьегам, лаккхара говзалла бахьанехь герггарчу шерашкахь Шела чIогIа хийцайелла дIахIуттург хиларх.
Дагадаийта лаьа 2021-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Кадыров Рамзана Шелахь Правительствон йоккха кхеташо дIайаьхьна хилар. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийчоьнан Правительствон декъашхой а, муниципальни кIоштийн куьйгалхой а.
Оцу кхеташонехь регионан Куьйгалхочо тIедиллира Шела шахьар кхиоран йоккха план кечйар а, кейчина йаьлча шена гайтар а.
ХIетахь цо тIедиллира кIоштан коьрта больница, дукхапетарш йолу цIенош дан, школаш йан, некъаш дахка, инженерни сеташ йан хIун таронаш йу хьовсар.
Цуьнан тIедиллар кхочуш а деш кечйина йолу йоккха план йара оцу цхьаьнакхетарехь М-Э.Ахмадовс Нохчийн Республикин Куьйгалхочун кхиэле йиллинарг.
Кадыров Рамзан резахилира Шела шахьар кхиоран йаккхийчу Iалашонашна. Уьш кхочушйаре кхачарехь шелахойн аьтто хуьлийла шена лууш хилар хаийтира Р.Кадыровс.
Хь.САИДОВ
№8, чиллин (февраль) беттан 2-гӀа де