Луларчу республике а кхаьчна комаьрша куьг

Масех де хьалха доккха дезде дара Дагестанерчу Iосман-Йуьртахь. Масех эзар вахархо вехачу нохчийн йуьртара маьждиг шира а, жима а дара. Доккха маьждиг дан йуьртахь бехачу бахархойн таро йацара.

И бахьана долуш, йуьртарчу вахархочо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, гӀо-накъосталла дар дийхира.

Оцу дехарна жоп луш, 4 000 стеган жамаIатехь ламаз дан аьтто болуш, рузбанан маьждиг дина йуьртахь.

Керла маьждиг нохчийн ламасталлин архитектурин кепехь ду. Цуьнан ши момсар йу, хӀора 24 метр лекха а йолуш, цул сов, ламаз оьцу чоьнаш а йина.

Делан хӀусам схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийчоьнан Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, цӀейахханчу Ӏеламнаха, иштта, йуьртарчу бахархоша.

Межиев Салахь-Хьаьжас, доIа а дина, схьадиллира маьждиг.

Делан хӀусам схьайоьллучохь вовшахкхеттачара маьждигехь мовлад дийшира. Нохчийчоьнан Муфтис имамалла а деш, рузбанан ламаз дира.

Цу тайппана хаза совгӀат шайна дарх баккхийбийна а ца бовлуш, маьждиге баьхкинчара Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна даггара баркалла элира маьждиг дарна, иштта, шайн доIехь Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а, цуьнан Куьйгалхо а вийхира цара. Оцу дийнахь йуьртан бахархошна сагӀанаш дийкъира.

Билгалдаккха догIу и беркате гӀуллакхаш, маьждиг дар а, гуонахара майда тойар а, сагӀа даккхар а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Йукъараллин фондан чоьтах дина хилар.

№8, чиллин (февраль) беттан 2-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: