«Кхерамаза а, дика а некъаш» проект кхочушйаран гурашкахь тодеш ду вайн республикера некъаш. Уьш школашна а, берийн бошмашна а, ишшта, социальни кхечу объекташна а тӀедоьлхуш ду.

Оцу некъашкахь, силаман чкъор хийцина ца Ӏаш, некъан билгалонаш а, светофораш а хӀиттор йу, иштта, гӀашлойн некъаш а дохкур ду.
Соьлжа-ГӀалин мэрин пресс-службо бинчу хаамца, пачхьенерчу БойсгӀаран кӀоштан Урицкийн (йукъара йохалла 0,58 километр йу), цӀарахчу урамехь кестта дӀахьур бу некъ тобаран белхаш. Цигахь 4,22 квадратан метр силаман керла чкъор дуьллур ду.
Цул сов, урамехь пурхала билгалонаш а йийр йу, машенаш чехка ца хехкийта. Йукъарчу суьртаца догIуш долу гӀашлойн некъаш а дохкур ду. Урамах дехьа-сехьа волийла а хир йу. Некъаца 1 240 метр басаран аса а хьокхур йу. Цул тӀаьхьа, некъан 10 билгало а хӀоттош, берзор бу некъ тобаран белхаш.
Соьлжа-ГӀалин дарбалелоран-физкультурин диспансер а йу буьйцучу урамехь. Цундела цигахь дуккха а машенаш хуьлу.
Карарчу шарахь «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» проект кхочушйаран гурашкахь Соьлжа-ГIалара, кхин а 48 урам тобийр бу, церан йукъара йохалла 46,9 километр йу.
№8, чиллин (февраль) беттан 2-гӀа де