Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Москвахь цхьаьнакхетар хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца.

Вайн республикин Куьйгалхочо мехкан Президентана дIозийтира Нохчийчуьра социальни-экономикин хьал. Цо аьлла ма-хиллара, Россин Федерацин Президентан куьйгаллица деш долчу эвсаречу гIуллакхаша Нохчийн Республикина таро ло коронавирусан пандемин атта доцчу хьелашкахь кхиаран боларш лах ца дан.
«Больницашна кхачо йина молханашца, кислородаца, ларбаран гIирсашца. Иштта, больницашкахь оьшучул алсам маьнганаш а дIахIиттийна. Кхиамца кхочушйеш йу вакцинаци йаран программа а», – элира Кадыров Рамзана.
Цо дийцира демографин гайтамаш регионехь лакхабовлар дIадоьдуш хиларх лаьцна.
«Экономикин коьртачу гайтамашкахула а цхьаьнаэшшара кхиар ду. Алсамдевлла товараш дIадахьийтар, промышленни а, йуьртан бахаман а сурсаташ арахецар. Коьртачу капитала йуккъе йохкуш йолу инвестицеш алсамйевлла. 2021-чу шарахь оха кхочушйина 34 миллиард соьмана йолу 247 инвестицийн проект. Кхочушйеш йу 121 миллиард соьмана йолу 618 проект. Цо таро лур йу 11 эзар белхан меттиг хилийта», – билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цо дийцарехь, регионехь дина гIуллакхаш бахьана долуш, белхазалла 8 проценте кхаччалц лахйелла. 2014-чу шарахь дуьйна республикин дотацин тIегIа 27 процентана сов лахделла (69,6 процентана тIера 42,4 процентана тIекхаччалц).
«ЦIена хи», «ЦIена мохк» федеральни проекташ кхочушйарехь республика вайн махкахь шолгIачу меттехь йу 2021-чу шеран гайтамашца. Оха хенал хьалха кхочушйина доха гергадаханчу цIеношкара нах дIакхалхоран пхеашеран программа. Цхьа миллион квадратан метр сов хIусамаш йина, план 33 процентана тIекхочуш а йеш», – элира Р.Кадыровс.
Цуьнца цхьаьна цо хаийтира бахархошна маьхза газ тасарехь тахана республика махкахь тоьллачу кхаа регионна йукъахь хилар.
Иштта, белхан гIуллакхашца доьзна, Москва ваханчу Кадыров Рамзанан цхьаьнакхетар хилира Россин Правительствон Председательца Мишустин Михаилца, цуьнан заместительшца, цхьамогIа федеральни министрашца.
Россин Премьер-министраца хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Нохчийчоь социальни-экономикин кхиоран гIуллакхаш.
Россин Правительствон Председателан заместительца Хуснуллин Маратаца хиллачу къамелехь дийцаре дира хIусамийн фонд, транспортан инфраструктура кхиоран, Нохчийчоь инвестицешна бегIийла хилар лакхадаккхаран, гуонахара Iалам лардаран хьокъехь долу а, кхидолу а гIуллакхаш.
Къаьсттина тидам тIебахийтира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Соьлжа-ГIалара дуьненайукъара аэропорт йарна а, цунна реконструкци йарна а.
И гIуллакхаш дийцаре дарехь дакъалецира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо ГI.Таймасхановс, республикин Правительствон заместитела – Россин Президент волчохь Нохчийн Республикин йуьззина бакъонаш йолчу векала Б.Таймасхановс.
Россин Правительствон Председателан заместительца, Россин Президентан Геннарчу малхбален федеральни округехь йуьззина бакъонаш йолчу векалца Трутнев Юрийца хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира «РусГидро» ПАО, «Башенная» МГЭС, Нихалара ГЭС йаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Цул тIаьхьа Р.Кадыров цхьаьнакхийтира Россин промышленностан а, махлелоран а министраца Мантуров Денисаца.
Цигахь къамел хилира вайн регионехь индустриальни парк йаран, промышленни инфраструктура кхиоран, керла производствош схьайелларан, республикерчу предприятийн гIолацаран, дуккха а кхечуьнан хьокъехь.
Оцу цхьаьнакхетарша беркате тIаьхье лург хиларан шеко йац.
Д.АНАДЕВ
№9, чиллин (февраль) беттан 5-гӀа де